ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан ун даьлла 3 эзар сов стагна


Дуьненчохь коронавирусах ун даьлла 88232 стагна, хаамбо South China Morning Post газетано. 3044 ву цунах велларг.

Китайн пачхьалкхан могушалла Iалашъяран комитетан зерашца, яхначу буса цу махкахь 42 вахархо велла, 202 стагах лазар кхетта.

Карладоккху, дахначу шеран ГIуран-баттахь дуьххьара хааелира коронавирусан керла тип гучуяларх. Кху деношкахь коронавирусах ун дIасадаьржина Эрмалойчохь а, Люксембургехь а, Ирландехь а, Эквадорехь а, Доминиканехь а.

60 пачхьалкхехь яьржина керла вирус. Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацино (ВОЗ) хаамбира, Китайрчу коронавирусах вакцина 1,5 шо даьлча бен гучуер яц аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG