ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, нускал далочу хенахь машенийн коврана юкъахь герз кхийсар талла долийна, яздо "Кавказский узел" агенталло.
"Къастош ду оцу инцидентех лаьцна, тешаш а, бехкенаш а схьалохуш. Талламо деллачу жамIашка хьаьжжина сацамбийр бу", - аьлла яздина ду, министраллан инстаграмерчу аккаунтехь еллачу информацехь.
Билгал ца даьккхина, маца, стенгахь хилла . юьйцу инцидент.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2012-чу шарахь дуьйна дихкина ду Нохчийчохь зуда ялош а, дIаерзош а герз кхийсар.
"Нохчийн ламаст дац герз деттар. Ширчу хенахь, шаьш зуда ялош догIий дIахоуьйтуш, кхусуш хилла герз. Ткъа тахана телефонехула хаамбан таро ю", - аьллера цо.