ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибехь Асадан ши кема дохийна Туркойчоьно


Шеман пачхьалкхан ши кема дохийна кIирандийнахь къилбаседа-малхбузерчу Идлиб провинцехь туркойн эскарша. Президентан Асад Башаран эскаршна а, Туркойчоьно гIо латточу оппозицина а юкъахь тIемаш бу цигахь дIабоьлхуш. Туркойчоьнан тIеман министралло бина и хаам. Асадан ницкъийн Су-24 олу ши кема ду дохийнарг, дийцарехь. "Туркойн кеманаш дохо гIертачу заманчохь" чудаийтина Шеман ши кема аьлла ю информаци. SANA агенталло хаамбо, шина а кеманаш чуьра пилоташ парашюташца чукхийсабелла, кIелхьарбевлла аьлла. Социалан машанашкахь видео яьржина, кеманех ракеташ кхеташ гуш.

Туркойчоьнан тIеман министро кIирандийнахь дIахьедина, байначу беттан 27-чохь Идлибехь Шема пачхьалкхан кеманаша динчу тохарехь 30 сов туркойн тIемало вийначул тIаьхьа Туркойчоьно Шеман къилбаседа-малхбузехь "Весенний щит" операци йолийна аьлла.

Асада а, цунна тIехIоьттинчу Оьрсийчоьно а Идлибан хьокъехь дина бертан маслаIат дохийна. Операцин Iалашо ю – туркойн дозанера Асадан эскар дIататтар. Шаьш йолийна операци оьрсийн эскархошна дуьхьал яц, Асадан армина дуьхьал ю боху Хонкарас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG