Бехкзуламан гIуллакхаш толлучу Хабаровскерчу полисхойн декъан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу хьаькамо ша шена тIе куьйг даьхьна белхан кабинет чохь, яздо "Новости" агенталло. КIиран суьранна хилла ю инцидент.
"Герз латточу гIишлочуьра шен табелан тапча схьа а эцна, шен кабинет чу а вахна, ша шена тоьхна майора", - яздо DVhab.ru хьостано.
Веллачу эпсаран хьокъехь талламаш болийна аьлла, дIахьедина Хабаровскан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхочо Щеголева Иринас.