ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ницкъбар халонга доккхуш тутмакхашка дагна Ӏаьткъарг дуьйцу набахтхоша церан динах а, къомах а лаьцна"


ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Муртазалиева Зараъ


Мордовехь №5 УФСИН колонехь тутмакхийн тобано шен блокехь бунт айира Чиллан-беттан 14-чу буса. Адвоката Ашимов Марата дийцарехь, цу колонин хьаькамо Трофимов Валерийс шен кхерамазаллехула волчу гIовсаца цхьаьна буьйсан юккъехь шен кабинета чувигира тутмакхехь цхьаъ – Баканиев ИбраьхIим. Бунтан юкъахь дакъалаьцна, бохуш етташ а, сийсаз веш а маситта сохьтехь хьийзийра иза цу шиммо.

Колонин хьаькамо а, цуьнан гIовсо а кхерамаш тийсина Баканиевна, боьха мел дерг а дуьйцуш. Iазап латтор сацийна цара 6 сахьт даьллачул тIаьхьа, тутмакхо, къайлаха ша латтош хилла биритто куьйгах хьаькхна шена чов яр бахьана долуш, дуьйцу адвокато.

Оццу дийнахь таIзар деш 3 баттана карцерна чувоьллина нохчо, номер ИК-10 йолчу колоне а вигина. Еттаран ларш а, кховраш а, кхин йолу чевнаш а билгалъехира лоьраша маситтаза шайга дехар динчул тIаьхьа.

Кавказ.Реаллин редакце яийтина Баканиев ИбраьхIима ша ИК-5 колонехь администрацино хьийзорах лаьцна дуьйцуш яьккхина видео.

Ашимовс дийцарехь, нохчочун Iаткъам баран бахьана ду администрацино бохург деш, церан лаам тутмакхашна чекхбоккхуш лела цунна ца лаар. "Цунна оьгӀазъоьху уьш, иза кагван сацам бина цара", - боху адвокато. Цо бинчу хаамца, карарчу хенахь Баканиев ИК-10 колонехь латтош ву ЕПКТ олучу таIзар динчу нахана леринчу камери чохь.

"Со цхьаьнакхийтира цуьнца стомара. Цкъачунна цхьа а инцидент хилла яц. Цигара хьаькам мелла а кхетаме ву. Бехкенаш кхеле озор доьхур ду оха", - хаам бина адвокато.

Баканиевн гергарчара а кхайкхамаш бина бакъонашларъярхойн вовшахтохараллашка а, хьакъ долчу инстанцешка а шайн стагана тIехь Iазап латторна а, цунна ницкъ барна а латкъам беш.

Оцу колонехь Iазап латторах лаьцна хаьттича Кавказ.Реалиин корреспондентана жоп делира: "Мичара баьлла шуна и хаам? Тхан дерриг а хила ма деззара ду. Цхьаммо а, цхьанна а ца йиттина". Федералан таIзарш кхочушдаран сервисан Мордоверчу урхаллан зорбан сервисехь телефон схьа ца ийцира, ткъа кехатца дина дехар жоп доцуш дитира.

"Бусулбанийн цхьа чоьхьара гIад дисина колонешкахь"

Чиллан-беттан 20-хь хаамаш баьржина Мордоверчу ИК-7 колонехь хиллачух лаьцна. Тутмакхашна рогIера таллам беш КъорIан карийна хилла Гаджиев Наби цIе йолчу тутмакхехь. КъорIан дIадала реза ца хиллачу Гаджиевна йиттина администрацин белхахоша. Иза бакъдина "Гражданское содействие" комитетехь.

Шена ницкъ барна Гаджиевс хедийна шен куьйган пхенаш. Изза дина кхин а маситта бусалба стага.

Хьалхо Гаджиевс гIо дехна хилла "Гражданское содействие" комитетехь болх бечу бакъонашларъярхошка, дин лело йолу бакъо талхош ю шен аьлла. 2019-чу шарахь оцу комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светаланас цу хьокъехь дIахьедар хьажийнера Мордовехула волчу прокуроре а, талламан комитете а, инарлин прокуратуре а, ткъа ишттта Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле а.

"Колонин белхахой шайн йолчу бакъонел тIех бовлахь, тутмакхшна етташ а, уьш хьийзош а, цара иза до къомах иза мила ву бохучуьнга ца хьоьжуш. Амма кавказхой шайн амалш а, менталитет а, кхиар а долуш хиларна уьш хьийзош шаьш лелориг кхин а халонга доккхуш дагна Ӏаьткъарг дуьцу цара динах а, къомах а лаьцна. Ша-тайпа цабезам хуьлу цу нехан бусалба дин тIеэцначу оьрсашка.

Бусулбанийн цхьа чоьхьара гIад дисина, уьш алсамо дуьхьал тийсало, дуьхьалбовла колонешкахь. Цундела уьш кагбан аьтто ца баларна, царна тIехь Iуналла ца даларна оьгIазъоьху колонин белхахой", – дуьйцу адвоката Ашимовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG