ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Молханаш мийлина кегийрхой лецна хилла Куьршалахь


Психотропан молханаш а мийлина, нахана юкъахь корта а бахийна, лелаш бара аьлла, лецна балийначу меттигерчу бахархошца профилактикан къамел дина Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама.

ХIара тайпа ледарлонаш йилийтар нохчашна юкъахь могуьйтур долуш хIума дац, "терроризм" санна зулам хиларна аьлла, шен къамелехь полисхойн хьаькамо.

"Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, нохчийн куьйгалхо а схьаваьллачу кIоштахь" цу тайпа хIуманаш леладойтур дац аьлла, билгалдаьккхина полицин декъан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG