ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карарчу беттан 5-чохь Шемара хьал дийцаредийр ду Путина а, ЭрдогIана а


Туркойн президент ЭрдогIан Реджеп а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.
Туркойн президент ЭрдогIан Реджеп а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а.

Шеман къилбаседа-малхбузерчу хьолах дийца карарчу-беттан 5-чохь Путин Владимир а, ЭрдогIан Реджеп а цхьанакхеташ хилар тIечIагIдина Кремло а, туркойн президентан администрацино а. Масийтта де а ду, Оьрсийчоьно гIо латточу Шеман президентан ницкъашна дуьхьал туркойн эскарша тIемаш дIахьон. Шемарчу Идлибера тIом сацош, шаьшиннан барт хир бу аьлла, дегайовхо хиларх дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа.

Исс шаре яхъеллачу Шеман конфликтехь Оьрсийчоь Асадна тIехIоьттина ю, ткъа Туркойчоь царна дуьхьал йолчу оппозицин тобанашкахьа ю.

Лурчаха Путина а, ЭрдогIана а Сочехь бартбира, Шемарчу Идлибехь маслаIат деш. Делахь а, Асадан эскарша хьалхо тIелетар дира цигахь, цхьа могIа дозанаш оппозицигара схьа а дохуш. Цул тIаьхьа Туркойчоьно Шеман эскаршна тIеетта йолийра, ницкъаш кхин а тIе а узуш. ТIаьххьарчу деношкахь саццаза луьра тIемаш бу Шеман къилбаседа-малхбузехь беш. КIирандийнахь туркойн эскарша Шеман Су-24 ши кема чудаийтина.

Официалехь Iорадьхначу терахьашца, Чиллан-баттахь Шемахь 50 туркойн тIемало вийра. Бекхамбеш, шаьш бIеннашкахь Асадан эскархой байира бохуш, дIахьедора туркоша.

Оршотдийнахь схьахазийра, Димаьшкъа-Алеппо автомагистралера Саракиб гIала Асадан ницкъаша юха а схьаяьккхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG