ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан Иерусалимах план - "бусулабашна дуьхьал зулам ду" аьлла Кадыровс


Нохчийн куьйгалхо Кадыров Рамзан

Палестинин халкъан автономина а, Израилна а юкъара конфликт ерзон дагахь Iамеркан президенто Трамп Дональда хьахийна план "дуьненчуьрчу бусулбашна дуьхьал зулам" ду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Палестинин халкъан администрацин президентан хьехамчаца Аль-Хабаш Махьмудца цхьанакхетар а хилла шен, Малхбузенан пачхьалкхаша карзахдоккхуш ду исламан мехкашкара хьал аьлла, ший а тешна ву шаьшиъ аьлла Кадыровс.

"ВКонтактерчу" шен пена тIехь нохчий куьйгалхочо ишта яздина, къаьмнийн а, цхьайолчу бусулбачу пачхьалкхийн лидерийн а барт цахиларан бахьанашца Гергарчу Малхбалехь ситуаци юьйлина лаьтташ хила тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG