ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинехь "Нохчийчоь" аьлла маьждиг дийр долуш ду


"Нохчийчоь" аьлла, цIе а туьллуш, Палестинехь маьждиг хьаладан сацамбина оцу пачхьалкхан Iедалхоша. Белхан хьокъехь оршотдийнахь Соьлжа-гIала веанчу Палестинан президентан хьехамчас, лаккхарчу кхелахочо Аль-Хабаш Махьмуда дийцина цунах лаьцна.

"Плестинехь Нохчийчоьнан сий деш, маьждиг дан Iалашо ю шайн аьлла Аль-Хабаш Махьмуда. Палестинхойн а, нохчийн а ши байракх хир ю маьждигна тIехула дIатоьхна", - аьлла, "ВКонтактерчу" шен социалан машанехь яздина Кадыров Рамзана.

Палестинан а, Нохчийчоьнан къаьмнийн юкъарчу вежараллин символ хилла дIахIуттур ду и маьждиг аьлла, дIахьедина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG