ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус бахьанехь Москвахь 24 стаг дарбан цIийнехь охьавиллина


Коронавирусах ун даьллачу нахаца контакт хилла аьлла, 24 стаг дарбан цIийнехь охьавиллина Москвахь. Шахьаран мэро Собянин Сергейс шен блогехь бина цунах лаьцна хаам.

Цо бахарехь, уьш бу: ун даьллачун 6 гергара стаг а, пхи доттагI а, Италера догIучу кеманца цуьнца цхьана хилла 13 пассажир а. Карантин кхайкхийна кхин а 83 стагна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG