ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: коронавирус яьржинчу кху муьрехь уггар а кхерамза ю Нохчийчоь


Зорбан министр Умаров Джамбулат
Зорбан министр Умаров Джамбулат

Коронавирусан эпидеми яьржинчу юкъанна уггар а кхерамза ю Нохчийчоь аьлла, "Говорит Москва" радиостанцин эфирехь дIакхайкхийна Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата. Къилбаседа Кавказан курорташка садаIа дуьйла аьлла, кхайкхамбина политико Оьрсийчоьнан бахархошка.

Цо бахарехь, "бирдолагах адамашна тIедолу и ун, цкъа а даьржар дац" цигахь. Умаровс дош делла, хьеший безаш тIеэца а, царна жижиг даон а: "Тхан хьонка биъначул тIаьхьа аш шайца дIахьонйолчу хьожано коронавирус йодуьйтур ю шух ракетан чехкаллаца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG