ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишца хилла ву аьллачу нохчочунна тIехь диси 19 шо


ТIехь ницкъ а бина, бехк тIелацийтинера шега аьлла, латкъамбеш Нохчийчуьрчу вахархочо Ибрагимов Якъуба чуелла апелляци къобал ца йина кхело. Маршо Радионо яздира, ГIуран-беттан 10-чохь Ростоврчу тIеман кхело Ибрагимовна набахтехь даккха 19 шо хан кхайкхорах.

Цунна бехкедиллира, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн куьпахь Iаморашкахь хилла ву аьлла. Ибрагимовс дIахьедира кхелехь, тIаьхьаеанчу хьан нанна наркотикаш кхуьйсур ю шаьш аьлла, полисхоша кхерамаш а тийсина, харц мукIарло дайтинера шега аьлла.

Цуьнан адвокаташа Москварчу тIеман кхеле арз динера, хIетте а Апелляцин кхело жимстаг бехке ву аьлла, тIе а чIагIдина, Ростов гIалин суьдхоша бина хилла сацам хийцанза битина.

XS
SM
MD
LG