ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакцина ца йинарш школашка а, берийн бошмашка а буьтур бац Нохчийчохь


Товбеца-беттан 1-ра де тIекхаччалц кхартанашна (корь) дуьхьал мехий ца тоьхна бераш Нохчийчохь школашка а, берийн бошмашка а дуьтур долуш дац. Чиллан-беттан 24-чу дийнера Товбеца-беттан 1-чу дийне кхаччалц ян йолийна Нохчийчохь вакцинаци аьлла, республикан могушаллаIалашъяран белхахочо дийцарх яздо "Кавказскийузел" агенталло.

Можачу лазарна дуьхьал мехий диттина доцу бераш дешаран хьукматашка дуьтур цахилар бакъдина Роспотребнадзорехь а.

"Вакцинаци ца йина махкахь 12 бер цомгуш хилла меттиг бу. Стохкалерачуьнга хьажча, и терахь лакхара ду. Цундела дозанаш детта долийна, школе а, берийн бошмашка а ца буьтуш", - аьлла Роспотребнадзоран белхахочо.

Доза деттар низамашкахь бакъо йоцуш хIума ду, бераш деша ца дитар а нийса дац аьлла, билгалдаьккхина "Плиев а, Лепшаков а, партнераш а" цIе йолчу адвокатийн бюрон партнеро Плиев Мусас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG