ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена динчу тIелатарх дийцина меттавеанчу Абдурахманов Тумсос


Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо
Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо

Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос Фейсбукерчу шен агIонехь ма-дарра дийцина шена динчу тIелатарх. Цо бахарехь, кхо бутт хьалха иза дIехьаваьллачу Швецерчу Евле (Gävle) гIалахь дина ду зулам. Блогер вижинчу заманчохь жIов етта волавелла цунна тIелеттарг. Цуьнан карара охьайоьжна жIов караеанчу Тумсон аьтто баьлла, иза эшон. Цул тIаьхьа дийцина зуламхочо, шен Iалашонех а, ша хьан ваийтина а.

Кхайкхийна баьхкинчу полисхоша юьхьанца бехкевинера Абдурахманов стаг вен Iалашонца тIелетта аьлла. Амма кхо де даьлча блогер бехказваьккхинера.

Тумсос бахарехь, дикка кечам а бина, шен амалш а, шен вахар-вар а девзина дина зулам дара иза. Шена чIир кхайкхийначу нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад винчу дийнахь шена тIелатар дина хилар а ларамаза ду аьлла ца хета цунна.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь вевзаш воцу стаг тIелетира Европехь вехачу блогерна Абдурахмановна. Ша вен веанарг йиттина охьавиллина гойтуш, видео яьккхира ша Абдурахмановс. ЦIийлахь Iуьллучо бохура видео чохь, ша Москвара ву, Соьлжа-ГIаларчу Iабдурахьман цIе йолчу цхьана стага ваийтина ша Абдурахманов «кхерон».

ТIелатар динчул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийна Абдурахманов. Кхерамзалла латторхьама ехха кхебира къайленехь иза волу меттиг. Дукха хьолехь прессо бина хаамаш бара Абдурахманов Полшехь ву аьлла.

Абдурахманов Тумсо нохчийн оппозиционер-блогер ву, шена Нохчийчуьрчу Iедалхоша боцу бехк тIехьерчо болийча дIавахана иза даймахкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG