ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гарабаьлла некъ


Ставропол
Ставропол
Магомедов Назим

Массех кIира ду Ставропол гIали чохь билла болор болу некъ къовсаме баьлла. Шахьарин юкъ машенийн ковранех мелла а мукъайоккхуш, ца биллича ца болу иза, боху Iедалхоша (4 миллиард сом ду цунна хьажийна). Ткъа жигархой тешна бу оцу некъо гIала мукъайоккхур яц машенийн юькъаллех бохучух, царна гарехь, мелхо а естар ю и проблема.

Билла безачу некъан мах а бу кест-кеста хийцалуш, юхьанца 1,5 миллиард сом дара цунна хьажош, ткъа хIинца – 4. Цу тIе, яц кечйина проект а. Iедалхойн коьрта аргумент ю гIала машенех яьккхина хилар.

«Вайн Инициатива» юкъараллин куьйгалхо Куриленко Александр тешна ву, некъ билла болабахь, «гIала шина шарна гIурте» йоьрзург хиларх. «Шина шарахь лаьттар бу и болх. Оцу балхо болуш болчу некъахула лела а юьтур яц машенаш», - боху цо.

Оццул йоккха харж еш хилча, иза юхьаръэцале бахархошца дага стенна ца даьлла Iедал? Ишта бу бахархойн латкъам. ШолгIа делахь, муха мега еххачу ханна гIали юккъера гIашлойн некъаш а тIехь дIакъовла, цецбуьйлу нах. Эстакадех, лаьтта бухахула йовлучу тротуарех юзур ю Ставропол, чолхе хир бу и керла некъ, иза ма-оьшшу латтош дайа дезар ду дукха ахча, боху юкъархоша.

Кхин цхьа претензи а ю бахархойн Iедале: гIалин жил-Iаламна зен хир ду, хIаллакдийр ду тахана некъан йистошца лаьттачу диттех дукхахдерш, йохор ю бахархошна еза йолу Ботаникан беш.

Ставрополхоша петици яржийна билла болочу некъанна дуьхьал. 900 стага куьг яздина цунна буха таханенна.

Шатайпа, оьзда доцуш ду резабоцчу наханна дуьхьал Ставрополан мэро Джатдоев Андрейс шен Instagram-агIоне хIоттийна йоза. Цо ЛГБТ-н (кIалацIолийн) юкъараллах дIатарбо некъ биллийта ца лууш лела протестхой: «Цхьамма цхьа петици хIоттийна интернетехь. Ойла йо ас: «Юха а парад ю-кх!» ХIан-хIа. Яц парад. Уьш бац уьш. Амма, дикка хьажча…».

Инстаграм-тIамна юкъавоьлла мехкан куьйгалхо Владимиров Владимир а. «Наха хайп лоьцу (кегийрхойн сленгехь: «интернетехула гIарабовла гIерта» -ред.), массо а диканна дуьхьало йийраш бу уьш. Тоьлла йолу вайн Iалашо ю аьшнашка ерзош», - яздина губернатора.

Амма губернаторан йоза гIарадаьлча, беста буьйлабелла протестхойн могIарш. Оцу бахьаница «самавала» дезна Владимировн - тIаьххьара цо аьлларг кхин ду: «Езачу Iалашонех муьлхха а догIу нахаца йийцаре ян. Бахархошна хаа деза, муха йийр ю объект, иза муха хир ю. Ца тоьу Iалашонаш кабинеташна чохь кхолларх. Ас дIабоху: Ботаникан беш хьайийр яц цхьаммо а. Килс а юьсур ю ша йоллучохь. Машенашна, адамашна лела некъаш а буьтур бу керла объект ечу юкъанна. Тхан Iалашо цхаъ ю – проблема латтош долу бахьана дIадаккхар», - тешийна нах губернатора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG