ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Комисси: Шемахь динчу тIеман зуламашна бехке ю Оьрсийчоь


Шемахь дина тIеман зуламаш толлучу Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин йозуш йоцчу комиссина гучудаьлла, масех иттанашкахь маьрша нах а бойуш, шайлахь зударий а, бераш а долуш, кеманашца тохарш дарна Оьрсийчоь бехкехилар. The Guardian газетано бина цунах хаам. Хьостан хаамашца, ООН-ан эксперташ дуьххьара тIекхиъна оьрсийн эскарша динчу тIеман зуламашна.

2019-гIа шо юккъе даьллачу заманчохь хиллачух арахецначу рапортехь информаци ю Мааррат-эн-Нууман гIаларчу базарахь а, Хас эвлахь мухIажирш дIатарбинчу хIусамна а кеманашца Товбеца-беттан 22-чохь динчу тохарех. Шозза авиатохарш дина хиллера базарна. Дуьххьара бомбанаш тоьхначул тIаьхьа лазийначу нахана гIодан баьхкина хилла орцанхой нисбеллера шолгIа тохарш дечу хенахь цу меттигехь. 42 стаг вийра хIетахь, шайлахь 4 бер а долуш. Ткъа Хас эвлахь динчу тохаршкахь 20 стаг вийра, бархI зуда а, диъ бер а цхьана.

"Тхайн каракхаьчначу тоьшаллийн бух тIехь, ду цу юкъахь тешийн мукIарлонаш а, видеош а, электронан суьрташ а, кеманаш дIасалеларна тIехь тидам латточу тергамчийн хаамаш а, комиссин дIахьедойла ю, оьрсийн кеманаша оцу инциденташкахь дакъалаьцна аьлла. ХIора инцидентехь Оьрсийчоьнан ТIеман ХIавааан Ницкъийн (ВВС) лерина тIеман Iалашонаш ца хилла, шаьш тохарш дечу хенахь. Цундела олийла ду тIеман зуламаш дара уьш", - яздина ООН-ан эксперташа арахецначу рапортехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG