ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан ницкъаша Шеман тIеман кема чудаийтарх лаьцна хаам бина Анкарано


Шеман къилбаседа-малхбузехь туркойн тIеман ницкъаша Шеман Iедалан ницкъийн тIеман кема чудаийтарх лаьцна хаам бина Анкарано

Туркойчоьнан тIеман министралло бинчу хаамца, тIеман кема чудаийтина туркойн ницкъаш куьйгалла а деш оппозицин тIеман тобанаша президентан Асад Башаран армин позицешна тIе атака йолийча, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Билгалдоккхуш ду иза тIеман-Iаморан Аэро L-39 "Альбатрос" кема хилар. Цу моделан кеманаш арахоьцуш дара Чехословакехь. Карарчу хенахь цу кеманех пайда оьцуш ю иттаннаш пачхьалкхийн армеш, шайна юкъахь Шема а йолуш, хаам бо "Интерфаксо".

Хьалхо кху баттахь туркойн эскархоша хаам бира Шеман къилбаседехь шаьш Су-24 олу оцу мехкан тIеман хIаваан ницкъийн ши кема чудаийтина хиларх лаьцна.

ЧIагIдарехь, царна герз тоьхнера "туркойн кеманаш чудаийта уьш гIоьртинчул тIаьхьа". Иза хилира Идлибан стиглахь. Стохка ГIуран-беттан чакхенехь дуьйна Асадан эскарш ду цигахь оппозцин тIеман тобанашна дуьхьал тIеман операци дIахьош.

Идлиб тIаьххьара чIагIо ю Димашкерчу режиман дуьхьалончийн. Ткъа Анкара гIортор еш ю Шемарчу оппозицина.

КIирандийнахь Туркойчоьнан Iедалша тIечIагIдина, туркойн эскархоша тIеман операци дIайолийна хилар, Оьрсийчоьно гIо деш йолчу Асадан армина дуьхьал. ДIадаханчу кIиранах Анкарано дIахьедар динера 30 сов туркойн эскар вийна хиларх лаьцна, Шеман тIеман кеманаша тохарш а дина.

Шемахь адамийн бакъонаш йохорна мониториг ечу центро бинчу хаамца, цунна жоп луш пIераскан дийнахь дуьйна туркоша, бомбанаш а йиттина, вийна Шеман Iедалан ницкъийн 90 сов салти а, Ливанерчу "Хезболла" шиIатийн тобан иттех декъашхо а, ткъа иштта гIажарошкахьа ойла йолчу тIеман тобанийн маситта декъашхо а.

Еарин дийнахь, Зазадоккху-беттан 5-хь, Москвахь цхьаьнакхетар ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимира, Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп а. Шемахь Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а ницкъаша вовшаца тIом боло мегаш хиларан кхерам хIоьттина, Идлибехь хаьл карзахдаларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG