Оьрсийн низамашца цхьанадогIуш дац Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх ца даккхар аьлла бакъонашларъяран "Мемориал" центро а, Москван Хельсинкан тобано (МХГ) а. Лахьан-беттан 4-чохь йоьдучу кхеташонехь Кадыровс хазийнарг ду цара дуьйцург.
ХIетахь республикан куьйгалхочо массарна а хезаш, кхайкхамбира, критика еш комментареш юьту блогерш а, журналисташ а, социалан машанашкахь леларш а совцабе, эшахь "байина а, чубоьхкина а, шайн хьаштдерг дина а" аьлла.
Бехкзуламан гIуллакх Кадыровна дуьхьал шаьш ца айдарх кхетийна Талламан комитето: "хаамийн гIирсашкахь Кадыровс цу кепара дина дIахьедар бакъ ца хиларна а, ша Кадыровс а цхьана шен нохчийн нохчийн маттахь вистхилар нийса гочдина дацара аларна" а аьлла.
"Тхешан дIахьедарехь оха яздира, Кадыровн бехкзавийла гIертар хала ду кхетон. Шена хьалха баьхкинчу даржхошна хьалха дина къамел ду и, полисхой а, хьаькамаш а зуламечу гIуллакхашна юкъа а ийзош", - аьлла "Мемориало" шен "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.
"Мемориал" а, МХГ тоба а Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а, инарла прокуроре Краснов Игоре а яьлла. Цара доьху, Нохчийчуьрчу Талламан комитетан, Кадыровна дуьхьал гIуллакх даккха дуьхьалояр, низамехь цахилар тIе а чIагIдай, Кадыров жоьпе а озий, зуламах бина хаамаш кхачо йоллуш ца теллиначарна таIзар де аьлла.