ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Шуна хIун бен ду министр, я префект милла хилча а?


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ша могуьйтур дац шега хьаштбоцу нах даржашка хIиттабе баха а, нах даржашка хIитторца дерг пайдабоцчу даккха а. Мехкан урхалхочун го тешна бу, хаамийн гIирсаша бух боцуш гезйоху Кадыровн команда бохучух.

"Кадыровс боллу шен нах балха хIиттийна бохуш дуьйцу. Кху чохь гулбеллачаьрга бIаьргтоьхча а хаа йиш ю, мила ву шух сан цIийнах", - аьлла нохчийн администратора.

Оцу заманчохь гIишло чохь вара 30 гергга хьаькам, шайлахь Кадыровн йижарийн, вешин бераш, ши шича а, кхо нуц а, масех Кадыровн юьртахо а волуш.

"Республикехь уггар а доккхачу гаранах ду сан тайп а, сан вирд а. Цундела Нохчийчохь массо а бохург санна сан гергара ву. Москвара президентан администрацера нах балон беза ас? Я мила ву а хууш, болх бийр волу стаг эца веза ас?", - хоьтту Кадыровс министрийн кабинете.

"Гезарий, шайтIанаш, даим а санна, кхо-виъ стаг ву-кх и бага екош… Суна эхь-м ца хета, сайн республикех, сайн къомах жоп а луш, со ларош велахь. Царна хIун бен ду, министр, префект, администарцин куьйгалхо милла хилча а. Ас кIезиг сагатдо оцу хIуманашна", - аьлла Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG