ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь торнадо иккхина 22 стаг велла. Лазийнарш а бу


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкарчу Тенессехь торнадо бахьанехь 22 стаг велла, 160 вахархо дарбан хIусамашка кхачийна, дохийна 48 цIа. Штатан шахьарахь а, Нэшвил гIалахь а гIеххьачул зенаш дина хIусамашна, бIеннашкахь нах тховкIело йоцуш бисина.

Охьахирцина пенаш, доьхна куьзганаш, хедийна тоькан серий, охьадиттина дитташ, гIалин танспорт а сецнера бохуш, яздо меттигерчу сайто.

Школаш а, кхелаш а, транзитан некъаш а, аэропорт а, штатан Капитолий а дIакъевлина ю. Орцанхой а, полисхой а, гIишлошъярхой а гулбелла, белхаш бу цигахь дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG