ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко: "Iовдал, юьззина Iовдал ю Канделаки Тина"


Канделаки Тина
Канделаки Тина

Гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра шогачу кепехь жоп делла, "МатчТВ" каналан продюсеро Канделаки Тинас шех лаьцна зорбане яьккхинчу артиклна. "Канделаки Тина оццул Iовдал ю аьлла цкъа а дагадеана дацара суна", - дIахьедина спортхочо, дIа а язйина, инстаграм-сторисехь зорбане яьккхинчу видео тIехь. – Сан боккха ларам бара цуьнга хIинццалц. Iовдал. Юьззина Iовдал ю".

"Стенна оьшу Кадыров Рамзанна Емельяненко Александр?" аьллачу публикацехь Канделакис яздора, спортхо "Оьрсийчоьнан ММА-н хала бер ду": "Цо къаьркъа мелар, цуьнан летар, ницкъбар..дийцина а вер вац цунгара юьйлучу ледарлонех. Амма суна сайна го, юкъ-кара Александр метта а вогIуш, "Ахматан" тобанехь нислуш".

Емельяненко оьшуш вац Кадыровна, боху Канделакис: "Ткъа Емельяненкона билггал оьшу Кадыров Рамзан!"

Карарчу заманчохь Емельяненко Александр Соьлжа-гIалахь ву, "Ахмат" клубан базехь Исмаилов Мохьмадца лата кечлуш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG