ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахчанах дарж эца воьллачунна хилларг


Хамхоев Хуьсайн
Пейсахова Анна

ГIалгIайчуьра Хамхоев Хьусайн а, Теркакиев Жамалай а ву Ставропол-махкахь талор дарна жоьпе ийзош. Церан гергарчара чIагIдарехь, тешнабехк бина шина накъостана.

Цара зен дина Ставрополехь ехачу шайн махкахочунна Яминова Людмилина, чIагIдо талламо. Людмилас дийцарехь, стохка аьхка дуьйна цуьнга цхьа миллион ши бIе эзар сом охьадилла бохуш хьийза 32 шо долу Хамхоев. И ахча ца лахь, ша цуьнан майра а, кегий бераш а хIаллакдийр ду боху цо, зудчо тоьшалла дарехь.

"Хамхоевс соьга массийтазза телефон туьйхира. Шена хаьа сан бераш мичахь доьшуш ду, уьш цIа ца дахка а тарло, сахьт дац ша уьш лечкъо, кхидIа ша царех хIун дийр ду хьуна цахаар гIолехьа ду, бохура соьга. Иза, сан кхетамехь, ша тхан доьзал хIаллакбийр бу бохург дара», - дийцина Яминовас талламчига Дроботов Владимире.

Зудчо чIагIдо, ша Хамхоевна ахча дала декхаре яц, бохуш. Мелхо, цо Ставрополехь доьшучу хенахь (2016-2018 шерашкахь) иза шен хIусамехь маьхаза дууш-молуш ваьхна, боху Людмилас. Дуьйцучу шерашкахь цуьнан майра, Узбекистане вахана, цигахь хан йоккхуш хилла.

Стохка аьхка Людмилас а, цуьнан майрачо а, яз а дина, тоьшалла якараделла Хамхоевна, шаьш цунна 1,2 млн. сом декхаре а ду, и декхар шаьш бутт балале дIа а лур ду, аьлла. Яминовас и кехат шайга ницкъаша яздайтина, боху.

Амма ю зудчо а, майрачо а Хамхоевна ахча дIадала дош луш яьккхина видео. ПарггIат, цхьаммо а хьийзош а боцуш го уьш цу чохь.

Ахча дIа ца луш бутт сов хан яьлча, Хамхоев ваханчух тера ду ЯминовгIаьрга ахча дIадеха. Иза карахь «уьрсах тера цхьа хIума а йолуш», хIоьттира ахча дIадеха, боху зудчо. Теркакиев а хилла Хамхоевца – цуьнгахь «тапчанах тера цхьа хIума» хилла, цо дийцарехь. И шиъ неIаре веъча, кхера а елла, полици кхайкхина Яминовас, арз а яздина.

Талламо зуда, пачхьалкхан кхерамзалле а хIоттийна, ларйойтуш ю полицига.

Ткъа Хамхоев жоьпе ийзаво талор дарна. Амма ца хуьлу иза къера, Яминовас, шена бевза полицера хьаькамаш, ша 600 эзар соьмах талламчин дарже хIоттавойтур ву иза баьхна, цо дийцарехь. Шен къомах йолчу зудчух тешначу Хамхоевс, цо чIагIдарехь, кхин ши стаг дарже хIотториг а делла ахча – 600 000.

Хамхоев Хьусайнан адвокат ву «Агора» юкъараллера юрист Зубенко Виталий. Бехктакхаман гIуллакхерчу тоьшаллашлахь ду, боху цо, Яминовас, хьаькамашкара ду аьллла, Хамхоевга делла «балхахIотторан омра». Ткъа Хамхоевн гергарнаш тешна бу зуда баккъал а цхьана хьаькамашца уьйр йозуш хиларх.

Хамхоев а, цуьнан накъост Теркакиев Жамалай а урс-тапча даьккхина баьхкинера ЯминовгIеран неIаре бохург харцдо Хамхоевс. Ша церан неIарх чувала а ца кхиинера, Людмилас цхьаьнга мохь бетташ хезча, дуьйцу цо: «ГIалгIай баьхкина, орца дала!» Иза хезча, цхьа бIо шена тIаьхьакхачарна а кхеравелла, ша сихха дIавахара, боху Хамхоевс.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG