ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медицинан гIирс пачхьалкхера арабаккха дихкина Оьрсийчоьно


Оьрсийчоьнан Iедалхоша дихкина пачхьалкхера медицинан туьтмIаьжгаш а, халаташ а, бахилаш а, резинан каранаш а, кхинболу лоьрийн гIирс а пачхьалкхера арабаккха. Кхаарин Iуьйранна зорбане баьккхина бина сацам.

Карарчу шеран Товбеца-батте кхаччалц могуьйтур дац медицинан гIирсаш чуьра арабаха. Документ тIехь билгалдаккхарца, коронавирус яьржинчу хьелашкахь билгалбаьккхинчу гIирсан къоьлла цахилийтархьама дихкина.

ТIаьххьарчу хаамашца, дуьненчохь коронавирусан ун кхетта 92802 стагах. Велла 3201. Инфекци яьржинчех ю Китай, Къилба Корея, ГIажарийчоь, Итали. Дуьненчуьрчу 76 пачхьалкхехь хааелла коронавирус.

Кремлна 30 чакхарма генахь, Коммунарка олучу юьстахчу кIоштахь Москварчу Iедалша дарбан хIусам ю къастийна, вирус ю аьлла хета нах охьабахка. Официалан терахьашца, коронавирус хьакхаелла цхьа стаг ву Москвахь, Казанерчу лазартнехь ву кхин а кхоъ.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG