ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайна ши студент лоьхуш ву ГIалгIайчоьнан полицино


Бехкзуламан гIуллакх а диллина, вайна ши ваша, 21 шо долу Дзейтов Хьамзат а, 17 шо долу Элез а лоьхуш ву ГIалгIайчохь. Талламаш бу дIахьош аьлла, хаамбина Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Шина кIентан гергарнаш тешна бу, и шиъ дийна хир ву аьлла.

ТIаьххьара Чиллан-беттан 27-чохь Наьсарахь Экажевн гонехь гина ши ваша. "Кавказ.Реалии" портале ДзейтовгIеран йишас дийцина, дахначу кхааридийнахь дуьйна мобилан телефонашна жоп ца ло цу шиммо аьлла. Зудчо бахарехь, девне вац цуьнан ши ваша, догцIена ву, тарло и шиъ цхьаммо Iехийна хила а.

Ший а студент ву. Новосибирскерчу колледжехь доьшуш ву цхьаъ, шолгIаниг Кемероверчу университетехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG