ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIезалойчоьнан муфти: "Конституцехула «пачхьалкх кхоьллина къам» лакхадаккхар харцо ю"


Самигуллин Камила, ГIезалойчоьнан муфтис, ша реза вац, боху, президентан Путин Владимиран лаамца Конституцин текстехула «пачхьалкх кхоьллина къам» хьалаайдарна. Бан кечбинчу хийцамо хьехориг оьрсийн къам ду, шеко а йоцуш, аьлла Iеламчас.

"Деккъа цхьа къам юьхьар а эцна, цунах «пачхьалкх кхоьллина къам» Конституцехула аларо дика ца гойту хиндерг», - дIахьедина Самигуллина ГIезалойчоьнан бусалбанийн урхаллин пресс-гIоьнчаллехула. «Оьрсашца цхьаьна таханлерчу Оьрсийчохь, шайн латтанашна тIехь, деха дуккха а къаьмнаш», цара массара а «биллина пачхьалкханна бух, цхьаьна чIагIйина иза», аьлла хета Самигуллина.

Путина дIа а кховдийна, Конституцин хийцамашкахь халкъан кхеле йилла кечйина кхин цхьа агIо а: пачхьалкх Делан лаамна кIел хилар. Муфтина тов и меттиг. «Пачхьалкхаша шайн коьртачу низамехь хьахадеш хуьлу иза, Iедал суьпа цахиларх, халкъ суьпа хила бакъо йолуш ду», - боху гIезалойн муфтис.

Самигуллина къамел дина сахьташ бен ца девлира, «Пачхьалкх кхоьллина къам» конституцина чуяздар Оьрсийчоьнан Лакхарчу муфтис Таджуддин Талгата къобалдича. «Оцу дешнаша деккъа цхьа оьрсийн къам дац хьалаайдийриг, бенболчу хийцамо хоуьйту оьрсийн мотт пачхьалкхан мотт буйла. Со реза ву», - билгалдаьккхина Таджуддина.

«Пачхьалкх кхоьллина къам» ду хьахош хьалхо Пачхьалкхан Думин кхеле Путин Владимира дIакховдийначу хийцамехь. Оьрсийн мотт Оьрсийчоьнан пачхьалкхан мотт бу, оьрсий «пачхьалкх кхоьллина къам» хиларе терра, боху тексто.

Конституцин оцу хийцамца цхьана Путина хьоьху къаьмнийн меттанаш, шаьш къаьмнаш дехачу мехкашкахь, оьрсийн мотт а санна, пачхьалкхан меттанийн тIегIане бахар.

Иза доцуш, кхин массех хийцам а чубелла Думе Путина. «Дайшкара схьадогIу» Делах тешар хьахадойла лаьа цунна Конституцехь. Иштта лаьа конституцино ялор-яхар зудчой, майрачой бина барт буйла билгалдоккхийла а, Оьрсийчоьно Советан пачхьалкхан бакъонаш шега дIаэцнийла гойтийла, пачхьалкхъан дозанаш хуьйцу боламаш, кхайкхамаш баржо бахархошна боьхкийла а, «Даймохк ларбеш халкъо гайтина доьналла лахдан» цхьанненан а бакъо яцар хоуьйтийла а.

Оьрсийчоьнан Килсан цхьана лакхарчу мозгIаро, Щипков Александра, критика йо Путина чубеллачу цхьана хийцамна. «Бераш Оьрсийчоьнан Федерацин бахам бу», боху цу тIехь. И хийцам Констици юкъа ма-язбинна, пачхьалкхо берийншен долахь ду эр ду, йолалур ю уьш дай-наношкара дIадаха, аьлла хета цунна. И санначу хийцамашкахула «цхьа къайлах политтехнологеш чекхъяха гIерта» Путин, боху Щипковс. Ткъа кхеташ дац, мел реза ю цо дуьйцучунна Оьрсийчоьнан Ортодоксан Килс.

Путина Конституци карлаяккхийта чубелла хийцамаш низаме боьрзур бу Оьрсийчоьнан халкъо кхаьжнаш тесначул тIаьхьа.

  • Дечкен-беттан 15-чу дийнахь Путин Владимира Федералан Гуламе дIахьедар дахьийтира, шена Оьрсийчоьнан Конституцехь хийцамаш бойла лаьа, аьлла. Хийцамашца тIечIагIдан деза, элира цо, Оьрсийчоьнан Конституци дуьненаюкъарчу низамел коьрта хилар а, Оьрсийчохь урхалла дечу хьукматашлахь Пачхьалкхан Кхеташо хилар а. Шена, президентан даржехь Iан мега хан чекхъяьлча (2024 шо), Оьрсийчоьнан коьртехь виса керла гIант кечдеш ву Путин, чIагIдо опппозицино. Ткъа ша Путина харцдо иза.
  • Кху беттан 10-чу дийнахь шолгIа ладогIар дIахьор ду Думехь, ткъа 11-чохь, рогIерчу ладогIарехь, тIечIагIбан тарло хийцамаш.
  • Конституцин хийцамаш халкъан харжаме бохкур бу Охан-беттан беттан 22-чу дийнахь – и деболх бечу бахархошна, мах а луш, ​ мукъадита дагахь ду Iедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG