Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца хиндолчу дийцарша Шемарчу Идлиб провинцехь боьду тIом сацор бу аьлла тешна ву Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп. Шемарчу ситуацех дийца Путин Владимирца цхьанакхета Москва ваха кечвеллачу ЭрдогIана дина ишта дIахьедар.
Чиллан-бутт бовш дуьйна марсаяьлла Шеман къилба-махбузера тIеман конфликт. Герзах йоьттинxe Шеман оппозицигахьа ю Хонкара, ткъа оьрсийн президент Асад Башарехьа ву.
2018-чу шарахь Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а бартхиллера, Идлибехь машар хилийта гаранташ хуьлуш. Делахь а, Асадан эскарша тIелатар дира, оппозицигара цхьа могIа дозанаш схьа а дохуш. Тохарш дира туркойн эскаршна а. Цул тIаьхьа Идлибе шен ницкъаш тIеоьзначу Хонкарас дуьхьало йолийра. Шина а агIор конфликтна юкъаоьзначу Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъахь тасадаларш хила кхерам хIоьттира. Парламентехь вистхуьлучу ЭрдогIана дIахьедира, Туркойчоьнна тIом бан хаьа, амма тIаме гIерташ яц аьлла.
Туркойчоьнан тIеман министралло масийттазза дIакхайкхийра, Идлибехь йолийна операци Димаьшкъна дуьхьал ю, оьрсийн эскаршна дуьхьал яц аьлла.