ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь вийначу Алиевн дегIа тIехь 135 уьрсан чов хилла


Кху шеран Дечкен-беттан тIаьххьарчу деношкахь Францехь вийначу нохчийн блогерна Алиев Iимранна 135 уьрсан чов йина хилла. Британин Таймс хьостано тахана Iорабаьккхина и хаам.

"135 уьрсан чов хилла цуьнан дегIа тIехь", - аьллачу Лилль гIалин прокуратуран дешнаш далийна хьостано.

Бельгехь тховкIело елла, вехаш хилла Алиев цигахь вийнера. ЦIарца ца вийцинчу, Оьрсийчоьнан вахархочух шеконаш ю прокуратурин.

Маршо Радионо яздира, Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карорах Нохчийчуьра вахархо Алиев Iимран, "Мансур Старый" аьлла, цIе яхна волу. «Чеченские новости» Telegram-канало бинераа цунах хаам.

La Voix Du Nord гIирсо яздарца, еариндийнахь делкъанна Алиевн дакъа хааделла Coq Hardi хьешан цIийнан белхалочунна.

YouTubeхь а, Фейсубкан агIонашкахь а резонансе кхайкхамаш беш хиларца, вевзаш вара "Мансур Старый".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG