ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахматан" а, "Зенитан" фанаташна юкъахь конфликт иккхина (+видео)


Оьрсийчоьнан кубок къовсуш, Соьлжа-гIаларчу "Ахмат" тобан а, Санкт-Петеребургерчу "Зенитан" а матчехь ловзар юкъахдаьккхинера, стадионехь къепе йохорна. Матч ерза 6 минот йисинчу заманчохь, командин чот 1:1 йолуш, Санкт-Петербургерчу фанаташа тIехулара кучамаш (футболкаш) дIаехира, меттигера фанаташ эргIадбохуьйтуш.

Хьешийн ховшучу секторе дIахьедира бIе стаг. Масех минотана ловзар сацон дийзира арбитран. ГIуллакх латаре дерза тарлора, нагахь санна ОМОНхой а, стюардаш а юкъа ца гIоьртинехь. Меттигера фанаташ меттабалон гIертара "Ахматан" футболхой а цхьана.

Хьалха "Терек" тобанца хилла, карарчу хенахь "Зенитехь" ловзучу Оздоев Мохьмада дехар дира Питерерчу фанаташка, кучамаш тIейохахьара аш, меттигерчу бахархойн ламастехь дац нах гулбеллачохь дегIаца цхьалха бовлуш аьлла.

Цу тIехь йирзинера инцидент, 2:1 чоьтаца "Зенито" толам а боккхуш.

XS
SM
MD
LG