ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полицин батальон юхаеана Шемара


300 полисхочух лаьтта тIеман полицин батальон юхайирзина Нохчийчу, Шемахь декхарш кхочушдинчул тIаьхьа, яздо ТАСС агенталло. Къилбан ТIеман Гонаша бинчу хаамашца, кхаа баттахь Шемахь Оьрсийчоьнан коьрта объекташ Iалашъеш, цигахь къепе латтош, маьршачу нехан кхерамзаллана гIаролехь лаьттина полисхой, гуманитаран ковраш дIасайоьлхучу хенахь ха а латтош.

ХIора кхоккха бутт мел болу хуьйцуш ю нохчийн батальон, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а вовшахтоьна батальонаш а санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG