ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канделаки къинтIера яьккхина Кадыровс а, Емельяненкос а (+видео)


ММА-н латархочо Емельяненко Александра шена къинтIера яьккхина де хьалха ша "юьззина Iовдал ю" аьлла, "Матч ТВ" телеканалан продюсер Канделаки Тина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, спортхочо Емельяненкос а бехк цабиллар дехна, латархочо иза аьшнашъярна.

Канделакис шен Твиттере хIоттийна видео.

Гоьваьллачу оьрсийн латархочо Емельяненко Александра шогачу кепехь жоп делира, "МатчТВ" каналан продюсеро Канделаки Тинас шех лаьцна зорбане яьккхинчу артиклна.

"Канделаки Тина оццул Iовдал ю аьлла цкъа а дагадеана дацара суна", - дIахьединера спортхочо, дIа а язйина, инстаграм-сторисехь зорбане яьккхинчу видео тIехь. – Сан боккха ларам бара цуьнга хIинццалц. Iовдал. Юьззина Iовдал ю".

"Стенна оьшу Кадыров Рамзанна Емельяненко Александр?" аьллачу публикацехь Канделакис яздора, спортхо "Оьрсийчоьнан ММА-н хала бер ду": "Цо къаьркъа мелар, цуьнан летар, ницкъбар..дийцина а вер вац цунгара юьйлучу ледарлонех. Амма суна сайна го, юкъ-кара Александр метта а вогIуш, "Ахматан" тобанехь нислуш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG