2017-чу шарахь далийначу терахьашца, хIора йийна 10-гIа зуда Оьрсийчуьра нисло боху кризисан "Анна" центро Iораяьккхинчу рапортехь. Оьрсийн зударшна тIехь ницкъбарна леринчу рапортехь дуьйцу, ООН-н урхалло динчу зерашца, 2017-чу шарахь 87 эзар сов зуда йийна дуьненчохь. Оцу юкъанна, оьрсийн официалан статистикаца зуламаш а деш байина Оьрсийчохь 8,6 эзар зуда.
Документ тIехь билгалдоккху, "лурчаха оьрсийн зударий уггар а кIезиг бакъонаш йолуш" лерина хилар.
Москвара "Анна" кризисан центр болхбан йолаелла 1993-чу шарахь дуьйна. Зударшна тIехь гIело ярна дуьхьало а латтош, хьийзочу зударшна гIо латтор ю церан коьрта Iалашо.
"Арахьарчу агентийн"тептаре язйина и центр 2006-чу шарахь.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!