Шемахь катоьхна шен эскарш чIагIдеш ю Оьрсийчоь. ХIордатIехула а, хIаваэхула а дIсалелачу кеманех яьржинчу информацина тIе а тевжина, бо цунах лаьцна хаам Reuters агенталло. Тахана, Заздоккху-беттан 5-чохь Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а президентийн ЭрдогIан Реджепан а, Путин Владимиран а цхьанакхетар хуьлучу юкъанна зорбане яьккхина и публикаци.
Шемарчу Идлиб провинцехь, Оьрсийчоьно гIо а латтош, Асад Башаран эскаро оппозицин тобанашна тIелатар дича, ситуаци иръеллачу муьрехь вовшахкхета лерина ши президент.
Асадан кеманаша тохарш дина, шайн 30 салти вийна аьлла, Хонкарас дIахьедича, Чиллан-бутт бовш дуьйнна Шемахь туркойн тIемалоша пачхьалкхан ницкъаша дIалецначу позицешна тIееетта йолийра.
Reuter агенталло билгалдоккху, хьалхачул а маса хьийзаш хилар Оьрсийчоь, Шемара шен эскарш дузуш.
Кхааридийнахь туркойн президенто ЭрдогIана а дIахьедира, Москвахь дийцарш дирзинчул тIаьхьа, Идлибехь боьду тIом сацор хиларх дегайовхо ю шен аьлла.
Ишта Москва а тешна ю, Путинан а, ЭрдогIанан а цхьанакхетаро Идлибера хьал тодийр ду аьлла.
Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс билгалдаккхарехь, проблема ерзон тарло, нагахь санна, шина пачхьалкхан лидерша 2018-чу шарахь хилла барт буьззина кхочушбахь.
"Хала хеташ делахь а, барт лар ца бо", - аьлла, тIетоьхна Лавровс.