ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллиард долларх тIом бан баьхкина тIемалой


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, 1995, Дечкен-бутт 10-гIа
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, 1995, Дечкен-бутт 10-гIа

Муха кхоьлл ира Кремло ша нохчашца тIом беш яц ала миф

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш цигахь болх бина ву журналист Воронов Владимир. Маршо Радион Оьрсийн сервисан сайта тIехь зорбане яьлла Оьрсийчоьнан пропагандисташа цу тIамехь кхоьллинчу мифех лаьцна цуьнан рогIера материал. Тахана шуна бовзуьйту Маршо Радионо цуьнан дагалецамийн коьрта чулацам.

Дудаев ЖовхIаран эскарехь гIуллакх деш болчу инзаре дукха мехах тIом бан баьхина тIемалой хиларх лаьцна зевне йиш йолийра Оьрсийчоьнан цхьацца ницкъаллин структурийн юкъараллица зIенаш латточу центрша Нохчийчохь боккха тIом болабалале.

АвиатIай Кабул – Грозный: Афганистанан а, Дагестанан а дозанах лаьцна туьйра

1994-чу шарахь Лахьанан-баттахь дийца долийра Соьлж-ГIалахь дIатарбеллачу Афганистанерчу моджахедех лаьцна. ЧIагIдора уьш са тоха ницкъ боцуш ладоьгIуш бу "шуравишна" бекхам бан минот тIекхачаре бохуш.

Амма цхьаммо а ца хеттар уьш хIун моджахIедаш бу, шайн махкахь марсабаьлла боьдуш бахархойн тIом а болуш, Нохчийчу дIахьевддарш, Кабулехь а, Гератехь а, Кандагарехь а дан шайна дуккха а гIуллакхаш доллушехь бохург. Цхьаммо а ойла ца йора муха кхаьчна оццул дукха и нах Соьлж-ГIала бохучух. Цхьа а рейс ма яцаре Кабулера Ханкала, я Кабулера Соьлж-ГIаларчу аэропорте.

Амма цу кепара дукха афганхойн моджахедаш хиларна етташ ю, бохура Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша Соьлж-ГIала бомбанаш 1994-чу шарахь Лахьанан бутт чекхболуш а, ГIуран-бутт болалуш а.

Оьрсийчоьнан официалан зорбан гIирсаша бертахь дийца долийра "Кавказ" хьешан хIусамехь баха хевшинчу моджахедех лаьцна. Тхо, цу хенахь Соьлж-ГIалахь хилла журналисташ, са а хедий, доьлура и хаамаш боьшуш. Дуьйцург цхьа а доцург хилар гуш дара, "танкийн штурм" ечу дийнахь дохийначу хьешан цIийне хьажча. Иза дохийна дара, чохь ваха цхьа а хьелаш доцуш.

Я оцу деношкахь а, я цул тIаьхьа Соьлж-ГIалан штурм йолийча а, цул сов Нохчийчуьра тIом чекхбаллалц а суна цкъа а, цхьанха а ца гира Афганистанера моджахедаш. Ца гира уьш я Оьрсийчуьрчу а, я кхечу пачхьалкхарчу а журналисташна а.

Амма Афганан сюжет хьехийра еххачу хенахь, кхечу пачхьалкхашкарчу мехах тIом бан баьхинчу тIемалойх лаьцна сурташ юкъа а детташ. Моздокехь зорбан конференцехь ФСК-н (федералан контрталламан сервис) директоро Степашин Сергейс багарбира уьш иштта: "Дукхаха берш уьш Афганистанера бу, 60-70 стаг Малхбузен Украинера ву, цхьаберш Прибалтикера бу (зударий-снайперш), таджикийн оппозиционераш а бу". [Красная звезда, 1994, ГIуран-бутт 31-гIа].

Мехах тIом бан баьхкинчу тIемалойх лаьцна иштта яздора "Коммерсанто": "Афганистанан территорина тIехь Лахьанан-бутт юккъе баьллачул тIаьхьа кхоьллина а, болх беш а ю шайн лаамехь тIаме баха лууш болу моджахедех лаьтташ болу нах Нохчийчу хьовсо уьш гулбон меттигаш " [Коммерсант, 1995, Дечкен-бутт 18-гIа].

ТIеман къайле Iора яьккхира Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу газето. Нохчийчохь тIом беш берш мехах тIом бан баьхина тIемалой бу - моджахедаш-афганцаш, мисархой, урдунхой, азербайджанхой, украинахой, прибалташ аьлла ​[Красная звезда, 1995, Чиллан-бутт 8-гIа].

"Мехах тIом бан баьхина тIемалой багар ца баллал дукха бу" цIе йолуш артикл арахийцира шен агIор "Российская газето: "Царна юкъахь 700 стаг ву Афганистанера <…> 350 гергга стаг мехах тIом бан веана Пакистанера, 300 – Туркойчуьра, 50 стаг ву Хорватера а, Палестинера а, ГIажарийчуьра а. Урдунера ву 20 стаг, Гуьржийчуьра а, Абхазера а 1000 гергга, Прибалтикерчу пачхьалкхашкара – 200 гергга, Украинера – 150, Азербайджанера – 200, тIехула тIе Оьрсийчоьнан а, Молдавин а, Приднестровьен а, Белорусин а тайп-тайпанчу меттигашкара нах а бу" [Российская газета, 1995, Чиллан-бутт 22-гIа ].

Дукха хан ялале ша тIеман министр Грачев Павел а волавелира мехах тIом бан баьхкинарш бийца. Иза кхеташ дара. Цуьнан бехказвала дезара дуккха а шен эскархой байина хиларна а, эшам хиларна а. Цуьнан таро ма яцаре шен танкийн ковраш, совца а йина, ягийнарш тIом бан Iамийна боцу могIарера нохчий бара аьлла къарвала. Вуьшта, "тешаме хьастанашана тIе а тевжаш", доттагIаллин зорбан гIирсаша дора иза тIеман министран метта.

"Красная звездан" аьшпийн кIур

Фонтан яьллача санна алсамбевллачу леррина пропагандисташа дуьйцучуьнга ладоьгIча, Нохчийчохь Оьрсийчоьнан армина дуьхьал тIом бора беккъа кхечу пачхьалкхашкарчу наха: афганхойн моджахедаш, Пакистанан лерринчу тIеман тобанан эскархой, туркойн а, азербайджанхойн а "сира барзалой", гIажарой, иракъхой, палестинхой, ливанцаш, урдунхой, саIудхой, боснийцаш, мисархой, алжирхой, казахаш, таджикаш, узбекаш, чехаш, украинахой, литовцаш, эстонхой, латышаш, шотландхой, тIехула тIе мичара схьабевлла ца хуу африкахой.

Ткъа 1995-чу шеран Дечкен-бутт юккъебаьллачул тIаьхьа жигара хьалхатоьттуш яра кхин цхьа тема – Дудаевн тIемалошна юкъахь болу оьрсийн мехах тIом бан баьхкина тIемалой.

Цу тӀе цунах лаьцна коьртачу декъана хаам бийраш бара Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векеалш. Иштта, инарло Рохлин Лева, бакъ дуй Дудаевгахьара тIом беш вайн йийсаре бахана эскархо бу бохург, аьлла шега хаьттича, бIаьрга негIар ца тухуш, дIакхайкхийра: "Бакъ ду… Наггахь йийсарера схьабогIий Дудаеван талламхойн болх бо цара" [Аргументы и факты, 1995, № 5].

Нохчийчоь -- Оьрсийн эскархой йийсарехь, Дечкен-бутт 13, 1995 шо
Нохчийчоь -- Оьрсийн эскархой йийсарехь, Дечкен-бутт 13, 1995 шо

Беламе арифметика

Амма уггар беламе, гарехь, цу дерригех ю – пайде арифметика. Масала, "Красная звезда" газетан версица иназаре даккхийн ахчанаш, дийнахь-бусий 800-1000 доллар лора мехах тIом бан баьхкинчарна [Красная звезда, 1994, ГIуран-бетт 21--гIа].

Иштта, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьртачу газетана ГIуран-беттан 21-чу дийнахь Нохчийчохь карийра дийнахь-бусий 800-1000 доллар оьцуш волу 2500 мехах тIом бан беана тIемало. Цу кепара нислора дийнахь-бусий 2-2,5 миллион доллар дала дезаш хилар цу нахана. Баттахь иза хила тарлора 60-67 миллион доллар. Дудаевн кассин ярий-те оцу кепара яккхийн таронаш?

1995-чу шарахь Чиллан-баттахь Пачхьалкхан Думехь хиллачу ладогIаршкахь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIоьнчо Иванов Генннадийс дIахьедиар дира, "Нохчийчохь карарчу хенахь тIом беш ву 7 эзар гергга мехах тIом бан беана тIемало аьлла" [Российская газета, 1995, Чиллан-беттан 22-гIа].

Оццу шарахь Зазадоккху-беттан 22-хь Грачевс шен интервьюхь далийра Нохчийчу мехах тIом бан баьхкинчу нехан керла терахь – 6000 гергга. [Красная звезда, 1995, Зазадоккху-беттан 22-гIа].

Цу кепара керла арифметика иштта яра: хIора 800-1000 доллар дийнахь оьцу 6000 наемник. Кхузахь нислора хIора дийнахь 4,8-6 миллион доллар. Цхьа официалан терахьаш тидаме эцча а, 1994 шеран ГIуран-беттан 11-чу дийнахь дуьйна 1995-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийне кхаччалц лаьрча мехах тIом бан баьхкинчу нахана делла хила дезаш хуьлура Дудаевс 825,6 миллион тIера 1 миллиард 32 миллион долларе кхаччалц ахча.

Инарла Дудаев къен стаг цахилар тардалийтича а, мехах тIом бечу тIемалошна дала 1 миллиард доллар аьттехьа цуьнан хуьлийла дацара. Амма кхин а тамашийна дерг дара и нах мел байарх, хIаллак барх, кхачор хьовха, церан терахь лахлуш а цахилар.

Дудаев ЖовхIар а, нохчийн къоман гварди а
Дудаев ЖовхIар а, нохчийн къоман гварди а

1995-чу шарахь Марсхьокху-баттахь (август) инарла Трошевс шен книги тIехь чIагIдарехь, "Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бечу кхечу пачхьалкхашкарчу тIемалойн терахь дара 6000" [Трошев Г. Н. Чеченский рецидив. М., 2003, с. 118]. Вуьшта аьлча, тIетухур вай кхузахь кхин а 441,6–552 миллион доллар.

Муьлхха а мехах тIом бан ваханчу стагана, банкан чоьтана тIе а дуьллуш, шена луш долу ахча кара схьаэца лууш хилар тидаме эцча, муха лелош хилла-те цара Нохчийчохь долларийн тӀекӀелйоьттина таппаш?

Мичахь латтош хилла уьш "кассираша" а, шаьш тIемалоша а? Герзан метта шеца лелайойла ма дацарий цара долларийн таппаш.

Цхьайолчу шен интервьюшкахь Степашина, бакъдерг дийцича, дIахьедарш дора "Дудаевс далларех галеш дуьзна, банкашка охьадехкина уьш" бохуш. "Муьлхачу банкашка? Хьуна хаьий чоьташ?", - аьлла шега хаьттича, цо жоп лора: "Цуьнан чоьташ хууш кIезиг нах бу. Амма уьш йолуш ю, ткъа тхоьгахь цунах лаьцна хаамаш бу" [Аргументы и факты, 1995, № 5].

Шеко йоцуш, Нохчийчохь бара кхечу пачхьалкхашкара баьхкина тIемалой. Иза къуьйсийла доцу цӀена бакъдерг ду. Царна юкъахь бара Iаьрбийн къомах нах а. Изза Хаттаб 1996-чу шарахь Оханан-баттахь дакъалоцуш вара Яраш-Маьрдан гергахь Оьрсийчоьнан тIеман ковра йохош.

Делахь а, ойла айелла даггара гIо дан гӀертарш Нохчийчу и нах баьхкинчу пачхьалкхийн тептар дуккха а доца дара, леррина пропагандхоша кхийдочу экзотикин гуларал а.

Оцу тIемалойн терахь а дацара хьехочул а. Уьш бара иттаннаш. Ткъа 200-250 уьш хиллехь а, 1996-чу шарахь Оханан-баттахь и терахь далийра Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Куликов Анатолийс [Коммерсант, 1996, Оханан-беттан 24-гIа], оцу масех зуламхочун ницкъ кхочур барий-те федералан ницкъийн инзаре йоккха тоба, сацийна ца Iаш, цунна тӀехь толам баккха?

Цхьа а шеко йоцуш, хаттар дуьсу: ткъа хIунда кхоллара и дерриг мифаш, стенна оьшура и туьйранаш? Эшар бакъдан? И туьйранаш дийца долийнера федералан ницкъаш тIематасадаларшкахь толам баккха гIорасиз хилал хьалха дуьйна. Гарехь, иза оьшуш дара кхечу хIуманна.

Иштта, Оьрсийчоьнан тIеман министраллан коьрта зорбан гIирсо чIагIдора "Дудаевгахьара тIом беш нохчийн халкъ дац, <…> … "акха гIезаш ю" луларчу а, генарчу а кхечу пачхьалкхашкара: чехаш, абхазаш, прибалташ.

Идейн дуьхьа тIом беш бац, тIом беш бу ахчан дуьхьа" [Красная звезда, 1994, ГIуран-беттан 27-гIа]. "ТIом беш болу нохчий дукха кIезиг ма бисиний" [Красная звезда, 1995, Чиллан-беттан 8-гIа], цундела, тIом беш бу кхечу пачхьалкхашкара мехах тIаме баьхкинарш… Нохчийн халкъ дац. Бацара тIом Оьрсийчоьнан Федерацин декъа тIехь бехачу нахаца беш. Ткъа иштта хилча, куьйгаш даьстина дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG