ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Зенитан": "Шаьш тIебиссинчу къоман гIиллакхаш лардан деза"


"Зенитан" инарла директоро Медведев Александра комментари йитина, Соьлжа-гIаларчу "Ахматан" фанатийн Питерерчу тобан хьовсархошца, цара тIехулара кучамаш дIаяьхначул тIаьхьа, хиллачу инцидентех.

"Стадионан кхерамзалла Iалашъечу белхахойн гIоьнца конфликте ца долуш дирзина гIуллакх. Хьешийн трибуни тIехь фанаташа кучамаш дIаяхаро эргIадбахийтинера меттигера фанаташ, хIунда аьлча, церан гIиллакхашца догIуш дац - дегI гайтар. Шаьш тIеоьцучу мехкан ламасташ а, гIиллакхаш а довза а деза, лара а деза. Бакъду, тхан фанаташа дикачу агIор гайтира шаьш. Шайгара бехк а баьккхина, кучамаш тIеюха аьлла, дехар дича, оцу сохьта кхочушдира цара шайга бохург. Боккха къинхетам бу, иштта дIадирзина, кхин сингаттаме а ца доьрзуш, - аьлла Медведевс.

Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан кубок къовсуш, Соьлжа-гIаларчу "Ахмат" тобан а, Санкт-Петеребургерчу "Зенитан" а матчехь ловзар юкъахдаьккхинера, стадионехь къепе йохорна аьлла. Матч ерза 6 минот йисинчу заманчохь, командин чот 1:1 йолуш, Санкт-Петербургерчу фанаташа тIехулара кучамаш (футболкаш) дIаяьхча, меттигера фанаташ протесте бевллера.

Хьешийн ховшучу секторе дIахьаьдира бIе стаг. Масех минотана ловзар сацон дийзира арбитран. ГIуллакх латаре дерза тарлора, нагахь санна ОМОНхой а, стюардаш а юкъа ца гIоьртинехь. Меттигера фанаташ меттабалон гIертара "Ахматан" футболхой а цхьана.

Хьалха "Терек" тобанца хилла, карарчу хенахь "Зенитехь" ловзучу Оздоев Мохьмада дехар дира Питерерчу фанаташка, кучамаш тIейохахьара аш, меттигерчу бахархойн ламастехь дац нах гулбеллачохь дегIаца цхьалха бовлуш аьлла.

Цу тIехь йирзинера инцидент, 2:1 чоьтаца "Зенито" толам а боккхуш.

.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG