ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь жигархой лецна


Стохка Заздоккху-баттахь хIиттийначу митингийн хьокъехь ГIалгIайчоьнан полисхоша меттигера ши вахархо дIалаьцна аьлла, "Интерфакс-Юг" хьостане хаамбина. "Iедалхойн векалшна дуьхьал ницкъбаьккхина аьллачу артиклехь диллина гIуллакх толлучу гурашкахь кхаа эвлахь: Наьсарахь а, ТIой-Юьртахь а, Сурхо-хитIехь а талламаш дIабаьхьна. Лаьцна Чахкиев Ахьмад а, Дугиев Ахьмад а", - аьлла, дийцина хьостане. КхоалгIа лоьхуш хилларг цIахь ца карийна, иза лаца кхайкхийна.

2018-чу шарахь юьйлаеллера протестхойн акцеш, Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а административан дозанаш хьуйцуш барт бича.

Стохка Заздоккху-баттахь юха а жигара яьхна митингаш совцийра, гулбеллачийн полисхошца тасадаларш хиллачул тIаьхьа. Бакъонашларъярхойн зерашца, Магасерчу митингехь хилла аьлла, бехкевина лаьцна ву 30 стаг.

XS
SM
MD
LG