Калифорнин хиллачу губернаторо, Голливудан актеро Шварценеггер Арнольда латкъамбина оьрсийн Promobot компанина, шен вастехь робот кхолларна. TMZ таблоидо бина цунах лаьцна хаам, искан чулацам бевзинчул тIаьхьа. Кэмерон Джеймсан "Терминатор" кино чохь роботан-киллеран рол ловзийначу Шварценеггера дIахьедина, шен вастах пайдаэца ша бакъо елла яцара, шена 10 миллион долларшкахь компенсаци охьайилла аьлла.
Компанин векало "Говорит Москва" радиостанцина еллачу интервьюхь дIахьедина, Promobot-е иск хIинца а кхаьчна яц, амма шаьш Шварценеггеран вастехь кхоьллинчу роботах пайдаэцар сацор ду аьлла. Шаьш утилизаци йийр ю аьлла, дIахьедина цара.