ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: Стеган Iонжар эккхийтина полисхоша, гIишло яр низамехь дац аларна


Абдулаева Зайнаб

Шайн цIенна хьалха гIишло яр низамехь дац аьлла, протесте ваьллачу Дербентерчу Амаханов Темирханна йиттина полисхоша. Иза бахьана долуш Iонжар дIадаьккхина лоьраша, дов айдина полицина дуьхьал.

Амаханов Темирхана ша дийцира "Кавказ.Реалиига" шена хилларг. 2015-чу шарахь массех гIатах лаьтта цIа дан долийна иза вехачу куьпахь. Бахархой аьрзнашка бевлла, иза харцо ю, аьлла.

Хан генаялале тIехьовсучу урхаллаша сацам тIеэцна цIа дар низамехь дац, аьлла. Амма ца сацийна болх гIишло ечу хьукмато.

Амахановс полици кхайкхина, гIишло яр сацадайта, аьлла, 2016-чу шеран Охан-беттан 3-чохь. Амма ца баьхкина Iедалхой. Аьлча а, баьхкина, амма буса - цунна етта. НеI а йохийна, чувеана ши полисхо, хьал зуьйш арахь лаьттина кхоалгIаниг.

Цхьана полисхочо электрошокерца «бина шен болх», шолгIачо легаш Iийдина. «Ток етта йолийча, бехк ма биллалаш ас ма-дарра аларна, хьатI эккхаза висира со. ТIаккха ас цхьанна чоьже буй туьйхира, хьалаэккха каделира сан», - дагалоьцу Амахановс.

Полисхоша шайца аравала аьлла цуьнга. Иза реза ца хилла. Хьалаяьккхина, тапча йиттина цхьамма – шозза пенах, цкъа – ноутбуках, дуьйцу жимчу стага.

Шена дина тIелатар далхош, Iедале арздина цо, амма дов айдан реза ца хилла талламчаш. Цара дов доьхкуш бинчу сацамо бахарехь, полисхой Исмаилов Т., Седретдинов К., Мамедгасанов И. бахана хилла наха шайга кхайкхинчу метте, ткъа ца карийна цигахь гIишлошъярхой.

КхидIа иштта боху сацамо: полисхо Исмаилов хьалаваьлла Амаханов вехачу гIат тIе, неI а тоьхна, ваьлла петаран уча, хIусамдас пурба а делла, чуьрчу чу а ваьлла иза, ткъа вехна Iен Амаханов лата волавелла…

"Цу сохьта чуьравийла волавелира Амаханов. Гуш дара иза вехна вуйла, маларан хьожа а етталора цунах», боху сацамо. Документо кхидIа дуьйцу, хьаьдда вахана, Амахановс диг дарах а, иза ша туху бохуш хьийзарх а лаьцна. Эццахь, шайн накъостана орцахваьлла, чувеана ши полисхо, цхьамма, Амаханов «кхетамчу валош», пенах тапча а йиттина, боху сацамо.

Стохка бIаьста юхабаьккхина дов айдойла дац аьлла тiеэцна сацам, талла болийна даржо лучу бакъонел совбевллачу полисхойн бехк.

«ГIуллакх кхеле дIа ца луш, со суо цхьаъ полисхойх летча санна, цаьргара герз даккха гIиртича санна, дерзош ду сурт», - дуьйцу Амахановс. Цо бахарехь, динчу зенан лар йойуш, цуьнан петаран неI а хийцина полисхоша шаьш.

Кест-кеста Амаханов кхерош, цуьнгара цхьа зулам даккха арабовлу полисхой. 2017-чу шарахь, масала, баьхкина уьш цуьнан цIа, цо, девнаш дохуш, шен доьзал хьийзабо, аьлла. Иштта полице а вигина, йиттина. Иза вуьгуш гина лулахо Эмиргаев Вадим полице тIаьхьавахана. Халачу хьолехь гина цунна цигахь Амаханов. Цо лоьраш тIе а кхайкхина, дарбан хIусаме вигийтина шен лулахо. Диагноз: йиттина, лелхийтина Iонжар а, чуьйраш а. Лоьраша Iонжар дIадаьккхина.

Экспертизо тоьшалла дина Амахановна зен полицехь дина хиларх лаьцна. Цул тIаьхьа юха а сацийна гIуллакх таллар, «зулам дина стаг ца карорца доьзна».

Амахановс бахарехь, цо шена йиттинчийн цIерш йоххушехь, талламчашна ца лаьа куьгбехкениг Iораваккха. Ткъа дов дIакъовлийта гIерташ, иза хьийзаво полисхоша ца хеддаш.

Цо кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президенте а, Инарла прокуроре а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга а, доьху Москвара бозушбоцчу талламчийн тоба хьажор Дербенте, шен гIуллакх зен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG