ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус бахьана долуш доьшийлаш дIакъевлина Италехь


Коронавирусан ун даржар бахьана долуш, шайн пачхьалкхехь массо а школа, университеташ а итт денна дIакъовларх хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци тIечIагIйина Италин Iедалхоша. Эпидеми кхин дIа ца яржийта некъаш карон дийцаредина кхааридийнахь министрашца хиллачу цхьанакхетарехь. Вирус яьржинчу къилберчу регионашкара школаш а, лакхара доьшийлаш а совцийра болх бечуьра Италехь хьалхо. Цхьа могIа гIаланашкахь карантин кхайкхийна.

Дуьненчуьрчу могушаллаIалашъяран организаин (ВОЗ) зерашца, таханалерачу дийнахь Итали, ГIажарийчоь а, Къилба Корей а санна, уггар а эпидеми яьржинчу мехкашлахь ю. Италхойн дозан тIехь кхо эзар гергга ву вирусан ун даьлларг.

Доллу дуьненахь аьлча, 3200 стаг велла цу лазарх, ун даьлла 95 эзар вахархочунна. 80 пачхьалкхо хаамбина, шайн территорри тIехь коронавирус яржарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG