ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Идлибера тIом сацон барт хилла Путинан а, ЭрдогIанан а


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп а
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп а

Карарчу беттан 6-чохь дуьйна Шемарчу Идлиб провинцехь герзаш совцош барт хилла Москван а, Хонкаран а. Шемара тIеман конфликт машарца ерзочу меморандумехь бина цунах лаьцна хаам. Кремлехь Туркойчоьнан президентан а, Оьрсийчоьнан президента а хиллачу цхьанакхетарехь тIеэцна бу ишта сацам.

Цул совнах, Шеман къилбехь шина а агIоно 12 чакхарма еха кхерамзаллин коридор кхуллур ю М4 Хасеке-Алеппо трассина уллохь. Заздоккху-беттан 15-чохь дуьйна Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а цхьана ха латтор ду оцу регионехь.

ЭрдогIанан а, Путинан а дийцарш хилира Шеман президентан Асад Башаран эскарша оппозицина цIеххьана тIе а летта, Идлибехь хьал телхинчу юкъанна. Туркойчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъахь конфликт эккха тарлора, хIунда аьлча, лаьттачу конфликтехь Москва Асадехьа ю, ткъа Хонкара цхьа могIа оппозицин тобанашна гIо латтоi ю. Путина бахарехь, шо карадеачхьана Шемахь тIелетарш до радикалаша маьршачу нахана а, оьрсийн "Хмеймим" тIеман базана а.

Оьрсийн президенто дIахьедина, Москвас а, Хонкарас а кест-кеста Шемахь хуьлучех вовшашца дийцаредо аьлла.

"Шемарчу ситуацех дуьйцучу хенахь тхайн туркойн партнерашца даим а реза ца хуьлу тхо. Делахь а, хIоразза а ира хьал тIехIоьттича, тхан аьтто болу цхьана ойлане кхача. Ишта нисделира хIинца а", - аьлла, билгалдаьккхина оьрсийн президенто.

ЭрдогIана дIахьедо, регионера бахархой цIаберзо хьовсур ду шаьш аьлла. Дийцарш дуьйладалале Путина кадам бина ЭрдогIане, Шемахь байинчу эскархойх, Шеман армино тохарш хаа а хууш дина дац аьлла, тIе а тухуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG