ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" клубна гIуда тоьхна


60 эзар сом гIуда тоьхна "Ахмат" футболан клубна, Соьлжа-гIаларчу стадионехь ловзучу заманчохь дикторо шен къамелашца команда иракарахIитторна. Цу кепара сацам тIеэцна дисциплинана тIехь терго латточу комитето (КДК), яздо "Советский спорт" газетано.

"ХIара ялхолгIа меттиг бу цара низам дохийна, хIинца 60 эзар соьмана гIуда тоьхна клубна. Шен тоба иракархIиттайора дикторо, мохь а бетташ", - аьлла, хаамбина комитетан куьйгалхочо Григорьянц Артура.

Карладоккху, де хьалха "Ахматан" Питерерчу "Зенитца" дIаяьхьначу ловзарехь матч юкъахъяккха дийзира, стадионехь къепе йохийча. Санкт-Петербургерчу футболхойн фанаташа тIехулара кучамаш дIаяьхча меттигерчу бахархоша шаьш резадацар дIахаийтинера.

XS
SM
MD
LG