ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Съезд дIаяхьарна 10 эзар сом гIуда хьарчийна гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонех


Стохка Лахьан-беттан 9-чохь съезд дIаяхьарна гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонна 10 эзар сом гIуда тоьхна Наьсарарчу кхело. Юстицин министралло материлаш дIакхачийнера кхеле, яздо бакъонашларъяран "Мемориал" центро.

Организацига бехк кховдийна, шайн хеннахь органо дIанисде аьлла, тIедехкина кхачамбацарш кхочуш ца дарна. Юстицин министралло болх сацабар тIедожинашшехь, саццоза болх беш хилла цара.

Юкъаралхоша чIагIдо, цу дийнахь съезд дIаяьхьнарг кхин организаци яра бохуш. Кхеле латкъамбан лерина бу уьш.

Маршо Радионо яздира, Лахьан-беттан 9-чохь Наьсарарчу цхьана хIусаман кертахь съезде гулбелира меттигера бахархой аьлла. ГIалин администраци дуьхьал хиллера гулам дIабахьа тховкIело яла. Съездан болх берзош, федералан а, республикерчу а Iедалхошка кхайкхамбеш, резолюци тIеийцира гулбеллачара.

Карладоккху, стохка Заздоккху-баттахь Магасехь митинг хIоттийра, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьалбевллачу гIалгIаша. Цара тIедожийра, хIетахь куьйгаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар. ШолгIачу дийне яьллачу акцехь тасадалрш хилира протестхошна а, полисхошна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG