ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу вахархочунна тIехь къизаллаш яр талла реза бац кхелахой


"Iазапна дуьхьалояран комитетан" юристаша латкъамбина, Нохчийчуьрчу вахархочунна Абдуламежидов Iабдул-Хьаьлимна тIехь Iазап латторах бехкзуламан гIуллакх делла дуьхьал хиллачу кхелахойн сацамна. ГIаттамхойн декъехь хилла ву иза аьлла, кхел йина цунна. Ткъа Абдулмежидовс дIахьедо, шена тIехь ницкъбина, бертаза мукIарло дайтина шега полисхоша аьлла.

Шелахь психоневрологин интернатехь болх беш хилла ву Iабдул-Хьаьлим, дийцина Къилбаседа Кавказерчу Комитетан декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. 2017-чу шеран Дечкен-беттан 13-чохь масийтта герзаца волчу стага балхатIера лаьцна, дIавигира иза Шела кIоштарчу полисхойн декъе. Иттех ницкъахочо масех сахьтехь йиттина хилла цунна, ток а йоьттуьйтуш.

"Шемарчу цхьана эмирна байIат де, видео дIа а язйойтуш бохуш, хьийзош хиллера иза", - дийцина бакъонашларъярхочо. Шина баттахь лаьцна а латтийна, зуламаш дечу тобанхошца хилла ву аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал.

Талламчаша чIагIдора, Керлачу шарахь Шелахь теракт дан гIератш хиллера иза, ишта Керлачу шарна хIоттийначу базах цIе а тосуш, дийцина Пискуновс.

Карарчу хенахь набахтехь ву Абдулмежидов, 2018-чу шарахь хан кхайкхийра цунна.

Кху деношкахь Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле апелляци чуелла "Къизаллашна дуьхьалолатторан Комитето" Абдулмежидов Iабдул-Хьаьлиман гIуллакх къовса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG