ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин парламентан депутатна коронавирус кхетта


Коронавирусан инфекцица дарбан цIийне охьавиллина Францерчу парламентан депутат. Еаридийнахь официалан кехатца бина цунах лаьцна хаам Къоман гуламан куьйгалхочо Ферран Ришара. Реанимацехь ву депутат. Ишта коронавирус хааелла парламентан буфетерчу а, ресторанерчу а шина белхалочух а.

Депутатан цIе йоккхуш яц. Хууш ду, иза "Республиканцы" цIе йолчу оппозицин партин векал хилар а, Эльзас регионехь харжар а. Парламенера буфет а, ресторан а дIакъевлина ю. Цкъачунна дуьйцуш дац, парламентан балхана дозанаш тухур ду я дац.

Де хьалха Iорадаьхначу терахьашца, 100 стаг тIекхетта Францехь коронавирусан ун даьлла. Верриг а 500 вахархо ву цу лазарца. ВорхI стаг велла. Президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, эпидеми эккхар ю, цунна кийча хила деза аьлла.

Европехь сихаллица даьржаш ду коронавирусан ун. Уггар дукха бу цомгашхилларш Италехь – 3 эзар сов. 148 велла цигахь.

Германехь 500 стагах хьакхаелла, иттаннашкахь бу цомгуш хилла нах Нидерландашкахь а, Швецехь а, Норвегехь а, ишта цхьа могIа кхучу мехкашкахь а.

Дуьненчохь билгалваьккхина коронавирусо лаьцна аьлла, 100 эзар стаг. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь 200 вахархо ву цомгуш. Конгрессо 8 миллиард доллар хьажийна коронавирусца къийсам латтон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG