Эпидемиологин хьал чолхедалахь а аьлла, Нохчийчохь 1820 маьнга бу кечбина аьлла, хаамбина пIераскандийнахь махкарчу могушаллин министралло. Соьлжа-гIаларчу инфекцийн лазарийн клиникан центрехь а, Эпендиевн цIарахчу дарбан хIусамехь а, лоьмар 5, 6, 4 йолчу лазартнешкахь а дIатардина маьнганаш.
ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь коронавирус кхетта яц цхьанна а. Даьржинчу унна профилактика ярхьама могушаллин министралло хьехарш дина: сих-сиха куьйгаш дилар, боьхачу куьйгашца юьхьах ка ца еттар, симптомаш гучу ма евлли лоьрашка орца дехар, коронавирус яьржинчу регионашка ца эхар.