ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Экранехь тӀе хӀуманаш юьйхина йоI гаро эхь доуьйту цаьрга, ткъа октогонехь верзина стаг ву церан турпалхо а, дозалла а"


Ахмедова Сапиятан инстаграм-агIонан cкриншот
Ахмедова Сапиятан инстаграм-агIонан cкриншот

ХIокху материалан автр ю Кавказ.Реалиин корреспондент Омарова Саида

Дагестанехь рогIера интернет дов даьлла, "къоман ламасташ лар цадарца а, оьздангаллах яларца а доьзна". "Республикан юьхьIабржо" рогIерчу титул елларг ю Избербашера яхархо, деган лор Ахмедова Сапият. И йоI дакъалоцуш ю "Холостяк" (зуда ялозниг) шоун керлачу муьрехь.

Телепрограмма арайолуш ю Оьрсийчуьрчу ТНТ каналехь. 25 йоI дог къуьйсуш ю программан турпалхочун – цергийн лоьран Криворотов Антонан. 26 шо долу дагестанхочун роза олу зезаг делла, зуда ялонза волчу стага программан рогIерчу тегIанехь шена ган луучу йоьIан луш долу.

Муха нислур ю юкъаметтигаш Криворотован а, Ахмедовин а цкъачунна хууш дац. Амма цIахь цу йоIа лелориг бахьана долуш социалан машанашкахь онда къийсамаш лилхина. Кхерамаш тийсар, оьшнаш яр, ницкъ бар – дерриг а долуш ду комментарешкахь.

ХIинжа-ГIаларчу журналисто Гаджиева Аннас халахета шена боху, "оьздангаллехьа къийсам латтораш, шаьш лелриг а дитина, кхечу нехан мах хадо а бен кхин хьуьнар долуш ца хиларна".

"Царна кхета хала ду кхузаманахьлерчу дуьненахь кхин кепаш а, низамаш а лелаш хиларх. Кхиъна даьллачу, кхетамехь долчу адамна шена хаьа ша хIун дан деза а, ца деза а. Цо ша хоржу шен леларан кепаш. Ткъа иза низамца догIуш делахь, цхьанне а бакъо яц цунна муха лела веза тIедожош хьеха хьанца юкъаметтигаш лело еза цо, мила вовза веза цунна. Соьга хаьттича алчам "халкъ юьхьIаьржа хIиттораш" бу массанхьа а кхочуш болу оьгIазе а, коьртачохь кIезиг кхетам болу а гIиллакхаш лардархой, - дуьйцу Гаджиевас.

Дешаран проектийн автор Шмидт Калеб а ву иштта ойла йолуш. "Дагестанехь дуккха а ю социалан халонаш, баккъалла а йолу халонаш, дерриг а халкъо реза цахилар гайта хьакъ долу. Ткъа йоIаршна хьажийна иза шоу бен яц ", - бохуш вара иза.

Шина беран нанас Магомедова Аида-Юлияс а кхайкхам бо Дагестанерчу бахархошка уггар хьалха тидам шайна тIебахийта, ткъа гIовгIа яккхахь баккъалла а мехала йолу проблемаш хьокъехь де иза бохуш.

"Тхан доьлаехь цхьаммо а къобал дийр дацара цу кепарчу ешконан шоушкахь тхоьх цхьаммо дакъалацар. Вукха агIор со цецйоккху цхьаммо программехь дакъалаьцна а, кинотетарехь фильм, цхьа шоу я концерт гайтина бохуш адам эргIаддахана леларо.

Адамаш, ма лелийша кинотеатршка, ма хьовсийша телепрограммашка, йоьIан оьздангалла кхиор дитийша гергарчарна. Шун дуккха а проблемаш ма ю тIе тидам бахийта безаш. Ткъа уьш кхочуш ян кхин хIума дан деза, оьгIазе йозанаш дина ца Iаш. Ткъа и йоI блогер ю. Цу кепара шен инстаграм-аккаунт гIарайоккхуш ю иза. Иза шен кепара бизнесс ю", - боху цо.

Дагестанера Гаджиев Насрулана хетарехь, Ахмедова санна болчу йоIарийн "цIахь божарий бац".

"ЛортIахь волчу стага бакъо лур юй, оцу балаганехь дакъалаца шайн гергарчу йоIанна? Динца йоьзна агIо йитча а, ша лоруш волчу стага эхьа хета деза, шен йиша, йоI, йиший-веший йоI дерриг а дуьненна а гуш-хезаш стаг къуьйсуш хиларна. Паччхаь иза велахьа а я паччахьан кIант велахь а. Цунна тIаьхьабевлла лела оьшуш ду, цуьнан дог дIалаца гIерта оьшуш ду.

"Дин а ца дуьйцуш эр ду ас: суна хазахетар дацара, оцу йоIан метта сан йиша я сан йоI хилча. Адамаша дуьйцург бахьана долуш дац суна хетарг, цу тайпа лелар дихкина ду КъорIанца. Бусулба а йолуш хьо дуьненчу яьллахь, иза хила еза хьо. Цхьана кхечу хьайн белхан говзалица доьзначу къовсаршкахь дакъалацахьа, цу тайпанаш а хир ма ду. Дихкина доцучун юкъахь гайта мегар ду хьайн хьуьнар. ТIаккха цхьаммо а емал йир яц", - тешна ю Омарова Iайшат.

Мадинина хетарехь, (шен фамили ца ялор дийхира цо) Ахмедова, кхин болу нах санна, буьззинчу барамехь бакъо йолуш ю шена хетарг дан, шена луург дан. "Иза йоккха йоI ю. Цо ша хоржуш душ а дан дезарг а, ша веза везарг а. Ма кIордийна суна и моралисташ. Оццул оьзда хилар шу рардеш делахь, алийша шайн кумире Нурмагомедов Хьабибе, цо лелош дерг хьарам хилар. Иза магош дац ислам-дино. Дино доьхкуш м аду адамашна еттар, тIехула тIе ахча дуьхьа а, верзина ваьлла а. Экранехь тӀе хӀуманаш юьйхина йоI гаро эхь доуьйту цаьрга, ткъа октогонехь верзина стаг ву церан турпалхо а, дозалла а", - боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG