ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирс юхадерзар. (Нохчийн туьйра)


Цхьана наха нускал далийна хилла. Буса сахиллалц сакъоьруш Iийна уьш. Сатосуш марда уьйтIа ваьлла. УьйтIахь цунна шайн цIенош чуьра дIайоьду лар гина. Цу лорах xIapa дIавоьдуш, генна хьалха дIавоьдучу стеган сурт гина цунна. Воккхачу стага, собар дахьара аьлла, дехар дина цуьнга.

Воккха стаг лерина, цуьнан дехар кхочушдина вукхо. ТIевеанчу воккхачу стага сецначуьнга хаьттина:

-- Хьо мила ву?

Цо жоп делла, церан цIен тIера дIадахана Ирс ду ша, аьлла. ТIаккха воккхачу стага дехар дина цуьнга, юхадерзахьара хьо шен цIен тIе, аьлла.

-- ХIан-хIан, — аьлла Ирсо, -- хьан уьйтIахь, хьан цIен тIехь со оьшуш цхьа а вац, цундела со а дитий, дIагIо, амма хьо суна тIаьхьа варна, ас цхьа дика дийр ду хьуна.

Ойла а йина, воккхачу стага аьлла:

-- ДIа ма гIолахь кхузара со схьаваллалц, цIерачарах дагавала воллу со.

Ирс резахилла и схьаваллалц собарда. ЦIа а веана, ма дарра дерриге а дIа а дийцина, воккхачу стага шен зудчуьнга хаьттина, хIун дика дайта луур дара хьуна аьлла. Зудчо шена баккхийн бахамаш хуьлийла лаьа, аьлла, жоп делла.

ТIаккха воккхачу стага шен йоIе хаьттина, хIун дика дайта луур дара хьуна аьлла. ЙоIа шена хаз-хаза, ез-еза тIеюху хIуманаш хуьлийла луур дара, аьлла.

ТIаьххьара а хIинцца ялийначу несе хаьттина мардас, хьуна хIун дика дайта луур дара аьлла. Несо аьлла, массо а хIуманал дукха вайн доьзалехь барт хуьлийла луур дара шена, аьлла.

Массаьрга ла а доьгIна, Ирс долчу юха а вирзина, воккхачу стага дехар дина цуьнга, шен доьзалехь барт хуьлийла лаьа шена, аьлла.

-- Делла дош кхочушдан деза ас. Ас барт ло-кх шун доьзална. Барт болчохь со а хила деза. Барт боцчохь ирс а ца хуьлу аьлла, жоп делла Ирсо.

ТIаккха цIавирзина воккха стаг, шен доьзалера дIадаха новкъадаьлла хиллачу Ирсаца цхьаьна.

XS
SM
MD
LG