Пачхьалкхехь бусулбанаш хьийзош хиларна иккхина Китайхь коронавирус, хила тарло иза царна бина бекхам аьлла, республикерчу бахархошка вистхуьлуш Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа.
"Китайхь эпидеми яржар – Делан оьгIазло ю. Хуьлийла и хьийзочу бусулбанашна тIехула, я цхьа кхин бахьана. Нагахь санна бусулбанашна ша оьгIазвахна хиллехь, и вирус бусулба пачхьалкхехь гучуялийта йиш яра цуьнан. Бусулбачу пачхьалкхашка вирус кхочур яц бохург дац иза", - аьлла муфтийс.
Пачхьалкхан "Грозный" телеканало шайн Телеграм-канале хIоттийначу видео тIехь Межиевс дуьйцу, хIун дан деза коронавирус ца кхетийтархьама. Лоьраша хьоьхург а тидаме эца боху Межиевс, цхьа цаторийла яцахь, лазар дала мегачу кIошташка а ма лела боху. Уггар коьртаниг – Делах тешаш хила веза, КъорIанчуьра суранаш а доьшуш боху муфтийс.