ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Суна лаьтта бухахь а карор ду хьо, ешап!» Шегахь хиллачунна еттарна, кхеле озийна Германехь мухIажир


Пейсахова Анна

Нохчочо, 50 шо гергга хан йолчу Захаматов Iисас, шегахь Iийначу 29 шо кхаьчначу Шохалова Хедина а, цуьнан луларчу Маремна а еттар толлуш ю немцойн Котбус гIалара полици.

Документаша бахарехь, лурчах бIаьста Маремна йиттина. Хила езаш ю кхел. Ткъа Шохалова Хедина йиттина стохка гурахь.

“Кавказ.Реалиига” марера дIаяхначо дийцира шений, ша марехь Iийначу Iисаний юкъадоьллачу девнах лаьцна. Массех шо ду уьш Нохчийчуьра бевдда, Германе биссина. Шен доттагI тIемало хилла бохуш, Нохчийчохь хьийзаво ша, аьлла, ехна Iисас шена а, хIетахь шеца цхьаьна хиллачу доьзална а тховкIело.

Миграцин урхалло сацам кхайккхоллц лучу Котбусерчу мухIажирийн «хIайме» (юкъарчу хIусаме) хьажийна хилла доьзал.

Хедас, шега кхочучу декъанна, довзуьйту цул тIаьхьа лелларг: “ЦIийндас муьйлура, еттара суна. Тхо дуккхаза а къистина дIаса. Иза чуьраваьлча, кхералой, йодий, йиша йолучохь Iара со. Яхначу гурахь дара иза, мелла веанера иза цIа, йиттира суна, петар чуьра ара ца йолуьйтура. Iуьйрана, бераш шаьш лелачу беша дIа а хьажийна, со полице яхара, де даьлча тхойша дIасакъаьстира. ХIинца ша соьгара бераш дIадохур ду, боху. Цо а, Нохчийчуьрчу цуьнан гергарчара а кхерамаш туьйсу суна. Югендамто (кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу урхалла – ред.) берашна тIе вуьтуш вац иза».

Ватсапехула (WhatsApp) Хедига баийтина хаам
Ватсапехула (WhatsApp) Хедига баийтина хаам

Марема, Хедин лулахочо а дийцира «Кавказ.Реалиига» шена бевзачу нахах лаьцна.

«Майрачо даима еттара цунна. Оцу дийнахь, 2018-чу шеран Охан-беттан 21-чохь, маьхьарий хезира суна. Со дIахьаьдира цаьрга. Iиса сох а вуьйлира лета, боьха мел дерг а дуьйцуш, со араелира цаьргара, амма цо, тIаьхьа а ваьлла, шозза туьйхира суна. Ас полицига хаийтира иза», - боху Марема.

Хеда хIинца немцойн полицин Iуьналлехь, ларъеш ю. ХIусам елла цунна а, берашна а. Амма ца елла Германино тховкIело я Хедина а, я Iисана а. Ткъа ша Нохчийчу юхаяха декхаре а йина, дIайодахь, цIерачу берийн ден гергарчара берех йоккхур ю ша, боху Хедас.

Зарахметов Iисан хьажам шатайпа бу хIинца. Германехь нохчийн зударий къоман гIиллакхех «хецало», боху цо. «Тхо Германе схьадаьхкича дуьйладелла тхуна юкъахь девнаш. Кхузахь зударшкахьа хуьлу Iедал, иза цIийндайшна дуьхьалдоккху зударша. Дукха ду масалш. Зуда кхузахь муьлххачу а хьолехь бакъйо. Тхо дIасакъаьстина. Амма суна деза сайн бераш, цаьрца дозаделла ду суна дерриг а дуьне. ХIинца уьш ненаца ду, ткъа суна ган а дихкина. Сан уьш гойла дац, сарахь берийн бешара схьаэца йиш яц. Полицино ша талламаш беш ю боху», - леткъа Iиса.

Берех къастийна веха да хIинца дуьхьал вац шена а, Хедина а депорт яйта. «ЦIахь кхин низамаш лела. Нохчийчоь кхузарчу низамашца ехаш яц, цигахь ас кхечу кепара дуьйцур ду. Тхан Iедалехь бераш деца хила деза, ца хилахь, суна эхь ду. Ас пхи бер муха лелор ду, хоьтту ахь? Нохчийчохь хала дац иза. Гергарчара гIодийр ду. Цхьаъ – цхьана йишас, важа – вукху йишас лелор ду», - элира Iисас шега «Кавказ.Реалиино» деллачу хаттарна жоп луш.

Бераш хьаьнца дуьсур ду, хьан кхобур ду къастош, кхел хир ю кестта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG