ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн блогерна динчу тIелатарна бехкейина зуда лаьцна Швецехь


Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо

Нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона динчу тIелатарна Оьрсийчуьра яхархо бехке ю аьлла хета Швецин прокуратурана. Прокуратуран векалша Швецин Евле гIалин кхеле дехар дина, 30 шо долу зуда лаьцна йита аьлла. Церан шеконаш кхоллаелла, динчу зуламан декъахо иза хилла аьлла. Прокуратуран сайтехь бина бу ишта хаам.

Aftonbladet хьостано яздарца, лаьцна зуда Оьрсийчуьра ю. Цо тIе ца дуьту шена дохку бехкаш аьлла прокурора Стенссон Терезас. Ишта прокуроро тIечIагIдина, юьхьанца тIелеттарг Тумсо хилла аьлла, шайн шеконаш хиларх а, тIаьхьо иза бехказваккхарх а.

Маршо Радионо яздира, байначу беттан 26-чу дийнахь вевзаш воцу стаг Европехь вехачу блогерна Абдурахмановна тIелатарх. Ша вен веанарг йиттина охьавиллина гойтуш, видео яьккхира ша Абдурахмановс. ЦIийлахь Iуьллучо бохура видео чохь, ша Москвара ву, Соьлжа-ГIаларчу Iабдурахьман цIе йолчу цхьана стага ваийтина ша Абдурахманов «кхерон».

ТIелатар динчул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийна Абдурахманов. Кхерамзалла латторхьама ехха кхебира къайленехь иза волу меттиг. Дукха хьолехь прессо бина хаамаш бара Абдурахманов Полшехь ву аьлла.

Абдурахманов Тумсо нохчийн оппозиционер-блогер ву, шена Нохчийчуьрчу Iедалхоша боцу бехк тIехьерчо болийча дIавахана иза даймахкара.

XS
SM
MD
LG