ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

30 сов стаг вийна Кабулехь, 60 гергга ву чевнаш йинарг


Герзах боьттинчу экстремисташа динчу тIелатарехь Кабулехь 32 стаг вийна, 58-нна чевнаш йина. Байинчарлахь ю пхи зуда а. "Маьрша Афганистан" радионо билгалдаккхарехь, байначу баттахь Iамеркан а, пачхьалкхна дуьхьал йолчу "Талибан" боламан а машар хиллачул тIаьхьа динчух уггар а доккха теракт ду иза. Террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша шайна тIелаьцна динчух жоьпалла.

25 шо хьалха вийначу хазарейн лидерна Мазари Iабдул Iелина хIоттийначу мемориале баьхкинчу нахана тIелетта хилла зуламхой. Церемони гулбеллачарлахь хилла Афганистанан Iедалхойх волу Iабдулла Iабдул а. Иза дийна висина.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло пIераскандийнахь дIахьедина, тIелатар динчул тIаьхьа полисхойн спецназна а, исламхошна а юкъахь тасадаларш хиллера аьлла. "Кхо террорхо вийна", - аьлла бу министралло бина хаам.

Дахначу кIиранчохь 18 шарахь латтийна тIом сацон бартбинчу тIалибаша дIахьедира, динчу тIелатарна шаьш гунахь дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG